Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 12:20 - Делан Йозанаш

20 ХӀунда аьлча цаьрга лан ца лора шайна тӀедожош дерг: «Нагахь хьайба а ломах дӀахьакхалахь, цунна тӀулгаш кхисса деза, иза хӀаллакьхиллалц».

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 12:20
6 Referencias Cruzadas  

КхозлагӀчу дийнахь лома тӀе юькъа марха йоьссира. Къекъаш стигал а яра, серладуьйлуш стелахаьштигаш а дара, хезаш уьстагӀан маӀан вуно онда аз а дара. Меттамотт болчохь долу адам чӀогӀа кхераделира.


Товрат-хьехамаша со хӀаллаквина, цундела со оцу хьехамашна гергахь велла ву, Делан дуьхьа ва̄хархьама. Со а, Дала леррина Къобалвинчуьнца жӀарах дӀатоьхча санна, велла.


Ткъа товрат-хьехамашна тӀера бакъахьара гӀуллакхаш кхочушдарца шаьш Далла хьалха бакъхила луурш неӀалтана кӀел бу. ХӀунда аьлча яздина ду: «Товрат-хьехамашна тӀехь яздина долу дерриге а даим а кхочушдеш воцучу хӀоранна а тӀехь неӀалт ду», – аьлла.


Цо элира: «Веза Эла Синай-ломера схьавеана, СеӀир-махкара халкъана тӀе, сатасар санна, гучуваьлла, Иза Паран-ломара нахана тӀе къегаш хилла. Вуно дукха маликаш дара Цуьнца цхьаьна, Цуьнан аьтту куьйгахь стелахаьштиг дара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios