19 локхучу маӀан озана а, деш долчу къамелана а. И къамел хезачара дехарш дора, кхин шайга дош ма алахьара бохуш.
Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала исраилхошка: „Шуна гира, Ас стигалара шайга къамел деш.
Турбин озаца Ша хаьржинарш дуьненан еъа а маьӀӀера схьагулбан дохуьйтур ду Цо Шен маликаш, стигалийн цхьана йистера вукху йисте кхаччалц».
Иза хир ду цӀеххьана, бӀаьрган негӀар а тохале, турбано тӀаьххьара зурма лекхча. Турбано зурма ма-леккхи, белларш телхар боцучу тайпана ден а бийр бу, ткъа вай хуьйцур а ду.
Дала иза лур ву шуна аша вехарна, хӀунда аьлча шаьш Хьариб-лам тӀехь гулделлачохь аш дехна: „ХӀинца чул тӀаьхьа тхан Везачу Делан аз ма хозийла тхуна, кхин хӀара сийлахь цӀе а ма гойла тхуна, тхо хӀаллак ца хилархьама!“ – бохуш.
Юххе а даьхкина, шу ломан кӀажехь севцира. Ткъа и лам стигала дӀакхаччалц цӀе яьлла богура. Цигахь Ӏаьржа бода а, юькъа мархаш а яра.
ТӀаккха Веза Эла шуьга вистхилира оцу цӀерана юккъера. Цо дуьйцург шуна хезара, амма Цуьнан васт ца гора, аз бен ца хезара.
ТӀаьхьа дийна а дуьсуш, хьуна санна хезний те цхьана а халкъана делан аз цӀеран юккъера схьадечу къамелаца?
ХӀунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу.
Хьовсалаш, къамел Дечуьнгахьара дӀа ма дерзалаш. Нагахь, Лаьтта тӀехь къамел дечуьнга ла а доьгӀна, уьш а кӀелхьара ца бевллехь, вай муххале а кӀелхьардевр дац, стигалара къамел Дечуьнгахьара дӀадерзахь.