Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 12:14 - Делан Йозанаш

14 Массо а адамца машаре хила, ткъа Далла гергахь цӀена хила хьовса. ЦӀеналла ца хилча, цхьанна а Веза Эла гур вац.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 12:14
48 Referencias Cruzadas  

Якъуба цу меттиган цӀе Пенуал (иза «Делан юьхь» бохург ду) тиллира. Цо элира: «Кху меттехь Делаца юьхь-дуьхьал а нисвелла, дийна висна со».


Цамгарша сан чкъор дӀакхаьллинехь а, сайн дилхана юкъара суна Дела гур ву.


Цо Деле доӀа дийр ду, ткъа Дела цунна тамехь хир ву. Деле Ӏибадат а деш, цо воккхаверца мохь хьокхур бу. Дала цуьнан нийса хьал юхаметтахӀоттор ду.


Я дийнахь кхеттачу малхо а, я буса кхеттачу батто а хьуна цатам бийр бац.


Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Дуьло, Везачу Элана хастамаш бейша, Везачу Элан массо а ялхой, буьйсанна Везачу Элан цӀийнан кертахь Цунна гӀуллакхаш деш болу.


доттагӀа я ваша и волуш санна, гӀайгӀане хуьлура со. Сайн ненан тезетахь санна, корта а оллийна, халахетта хуьлура со.


Эсала жоп даларо оьгӀазвахар дӀадоккху, амма кӀоршамечу вистхиларо стеган дералла марсайоккху.


Адаман некъаш Везачу Элана дезаш хилча, Цо цуьнан мостагӀий а тӀетабо.


Дов дӀадолор, хи чухьадар санна, хӀума ду. Иза кхин гена далале сацор гӀоле ду.


Везачу Эло боху: «ЛадогӀа Соьга, нийсонна тӀе гӀертарш, Веза Эла лоьхурш! Шаьш схьахьаькхначу тархе хьовса, шаьш чуьра схьадаьхначу оре хьовса.


Туьха дика хӀума ю, амма цуьнан чам дӀабаьлча, иза юха дуьра стен дийр ду? Шайна чуьра туьхан чам ма байа, вовшашца бертахь а Ӏе».


дуьненахь йоккху хан Цунна хьалха цӀена а, дика а яккхийтархьама.


Шайн ма-хуьллу, массо а адамца бертахь даха гӀерталаш.


Цундела барт хилар а, вовшийн тешар тӀехь иракарахӀиттор а леха вай.


Ткъа хӀинца, къинан олаллех паргӀат а даьхна, шу Делан леш хилча, цунах Далла гергакхачаран пайда хуьлу шуна, ткъа иза бахьана долуш хедар доцу дахар хир ду шун.


Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа ас чӀогӀа доьху шуьга, динан вежарий, аша массара а цхьаъ дийцар, шайна юкъахь декъадаларш ца хилийтархьама. Шайн хьекъалшкахь а, ойланашкахь а кхоччуш цхьаъ хуьлда шу.


Цкъа хӀинца-м вайна дерриге а гӀийла гойтуш долчу куьзганехула санна го. Ткъа цу хенахь юьхь-дуьхьал гур ду вайна. Цкъа хӀинца-м сан кхетам кхоччуш бац, ткъа цу хенахь сан кхоччуш довзар хир ду, со Далла вевзаш ма-хиллара.


Цундела Везачу Эло боху: «Царна юкъара дӀа а довлий, царах дӀакъасталаш. Суна хьалха боьха долчу хӀуманах ма хьакхалойша, тӀаккха Аса тӀеоьцур ду шу».


Сан хьоме доттагӀий! Дала вайна и ерриге а чӀагӀонаш йина дела, вешан догӀмаш а, синош а бехдеш мел долчух цӀанде вай. Деле болчу ларамах дуьзна а долуш, чекхдовллалц ваьш Цунна дӀало вай.


ТӀаккха товрат-хьехамаша Дала йинчу чӀагӀонашна дуьхьало йой те? Йойла а дац! ХӀунда аьлча, нагахь адамашна деллачу товрато Дела волчохь хедар доцу дахар луш делахьара, къинойх бехказадовлар товрат-хьехамаш ма-бохху кхочушбарца доьзна хир дара.


ХӀунда аьлча хӀара хаалаш: цхьа а нахаца леларг, я боьха лаамаш берг, я бӀаьрмециг верг (иза цӀушна Ӏамал йийриг ву) Дала леррина Къобалвинчун а, Делан а пачхьалкхехь хиндолчу абаде дахаран декъахь хир вац.


Аса ца боху, оцу массо а хӀумане со кхаьчна ваьлла, я со кхачам боллуш кхиъна. Мелхо а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас со дола ваьккхинчу Ӏалашоне кхача гӀерташ ву со.


Цо шун дегнаш безамах дузуьйтур ду, шу чӀагӀдархьама. ТӀаккха вайн Да волчу Далла хьалха шуна бехк буьллийла а доцуш, деза а долуш хир ду шу, вайн Веза Эла волу Ӏийса, массо а Шен долахь болчаьрца кху дуьнен чу схьавогӀучу хенахь. Амин.


Дала вай боьхачу лаамийн долахь а доцуш, амма Шена хьалха цӀена лелийтархьама хаьржина.


Хьовсалаш, цхьаьнгге а цхьанна а вонна дуьхьал вон ма дайталаш, амма гуттара а вовшашна а, массарна а диканиг дан гӀорталаш.


Хьо-м Делан стаг вай, Тимапи. Оцу вочу хӀуманех къахкалахь. Делан лаамехь хилар, суьпа хилар, тешар, безам, собар, эсала хилар лахалахь.


Къоначийн сийсазчу лаамех вадалахь. ЦӀеначу даггара Везачу Эле кхойкхучаьрца лаха нийсо а, тешар а, безам а, синан паргӀато а.


Вукхара шайна дика хетачу агӀор кӀезигчу ханна таӀзар дора вайна, ткъа Кхо – вайна пайда хилийта, вайга Шен возаллехь дакъа лацийта до.


иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша цкъа сагӀина дӀавелла хилла, дуккха а адамийн къинош Шена тӀеэцархьама. Ткъа Иза шолгӀа, къинош дӀадаха а ца вогӀуш, Шега сатуьйсуш болчеран дуьхьа кӀелхьардахар тӀеэцархьама вогӀур ву.


Вочунах дӀавирзина, диканиг дойла цо, машар лохийла, цуьнгахьа къуьйсуш.


Хьан дийр ду шуна зен, шу диканиг дан гӀерташ хилча?


Нагахь и дерриг а духург хилча, шу муха хила деза? Шун дахар цӀена а, суьпа а хила деза,


Вайн Веза Эла а, КӀелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзарехь а, Цунах схьадолучу диканехь а алсамдовлалаш. Сий ду Цуьнан тахана а, тӀейогӀу йолчу ерриге хенахь а. Амин.


Хьоме доттагӀа! Зулам лелочарах тар ма лолахь, амма дика дечу адамех тера хилалахь. Дика дечун гӀуллакхаша гойту – иза Делера хилар. Ткъа зулам лелочун гӀуллакхаша гойту – цунна Дела гина ца хилар.


Шена и хабар схьакхаьчча, Яптахьа уьш юха а Ӏамминхойн паччахь волчу дӀахьовсийра


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios