13 Нийсачу новкъахула лела, астагӀа лелхарш гал ца бовлийта, мелхо а тобалийта.
Андде шайн кӀадделла куьйгаш, чӀагӀъе шайн егош йолу голаш.
АстагӀниг, сай санна, кхоссалур ву, мотт сецна волчо, хазахеташ, мохь хьоькхур бу. Хиш яьссачу арахула дӀахецалур ду, хин Ӏовраш эрначу арахула оьхур ю.
БӀаьрзенаш царна ца бевзачу новкъахула дӀабуьгур бу Ас, царна ца хууш долчу некъашкахь куьйгалла а дийр ду церан. Боданах царна хьалха серло йийр ю Ас, ситтина некъаш нис а дийр ду. Иза ду Ас церан дуьхьа ден дерг. Уьш дӀатосур бац Ас.
Хьан халкъо юхаметтахӀиттор ю шира херцораш, юха а дӀахӀиттор ду дуккха а тӀаьхьенаша дитина цӀенойн баххаш. Хьох пенаш тодеш верг а, херцийна урамаш, цигахь Ӏархьама, юхаметтахӀиттош верг а эр ду».
Сан халкъана-м Со вицвелла. Эрначу цӀушна сагӀанаш доху цара. Цундела когаш тийсалуш лелаш бу уьш шаьш дӀакхоьхьуш долчу некъаш тӀехь. Шайн дайн ширачу некъаш тӀера дӀабевлла уьш, нийса доцучу паначу некъаш тӀе бовлархьама.
ХӀора тогӀи хьалаюзур ю, хӀора лам а, гу а охьахедар бу. Харц некъаш нислур ду, доьхнарш шарлур ду.
Амма, уьш хазачу кхоан тӀера бакъдолчуьнца нийсса лелаш ца хилар сайна гича, массарна хьалха аса Кипе элира: «Нагахь хьо, жуьгти воллушехь, жуьгтий санна а ца лелаш, кхечу къаьмнех берш санна лелча, ахьа муха гӀертор бу уьш жуьгтийн Ӏадаташ тӀе?
Динан вежарий! Нагахь шух цхьаъ ларамаза къино лаьцнехь, аша, Делан Сино лелош долчара, шайн эсалчу амалца нисве иштаниг, амма, хьовсалаш, шаьш къиношка ца зейта.
Шайгара даьллачу къинойх лаьцна даре а деш, вовшех лаций доӀа де, шайна гӀоле хилийта: Делан лаамехь волчо динчу доӀано дуккха а дан тарло, цуьнгахула ницкъ баларна.
Шен дегӀаца вайн къинош жӀара тӀе даьхьна Цо, вай къинойх къаьстина, цӀена дахийтархьама. Цуьнан чевнаш бахьана долуш дарба хилла шуна.