Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 12:11 - Делан Йозанаш

11 Карарчу хенахь муьлххачу а таӀзаро самукъадалар ца дахьа, сингаттам бен. Делахь а тӀаьхьа цуьнгахула нисбеллачара машаре а, Делан лаамехь а долчу дахаран стом буур бу.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 12:11
20 Referencias Cruzadas  

ИбрахӀим дог доьхна вара, шен кӀантана ИсмаьӀална сагатдеш.


В ехьа со бӀаьрса долуш, Хьан товрата тӀера тамашийна хӀуманаш суна гайтархьама.


Нийсачу новкъара дӀаваьллачунна чӀогӀа таӀзар дийр ду, ткъа ша нисвар ца дезаш верг лийр ву.


ТаӀзар дарца нисве хьайн кӀант, цо цунах пайда эцаре сатийса йиш хилча. Ахь иза нис ца вахь, цуьнан Ӏожаллина бехке хир ву хьо.


Везачу Эло мисархошна таӀзар дийр ду. ТаӀзар а дина, юха мисархой тобийр бу Цо. Уьш Везачу Элана тӀебоьрзур бу. Церан доӀанаш а хезна, царна дарба дийр ду Цо.


Нийсоно машар хуьлуьйтур бу, ткъа нийсонан стом – синтем а, сашорте а хир ю абаденналц.


ХӀунда аьлча Делан Олалла даарца а, маларца а доьзна дац. Делан Сино луш долчу Делан лаамехь хиларца а, синпаргӀатонца а, хазахетарца а доьзна ду иза.


Йоццачу ханна тхан хуьлучу баланаша, цкъа а йовр йоцу сийлалла яхьар ю тхуна. И сийлалла барам боцуш совъюьйлу оцу баланел.


Делан лаамехь со ваьхна дела, хӀинца суна кийча ду толамхочунна догӀу таж. Оцу тӀедогӀун долчу дийнахь нийса Кхелахо волчу Везачу Эло лур ду суна и таж. Со воцучунна а, Ӏийса кху дуьнен чу схьаваре безамца сатийсиначарна массарна а лур ду Дала иза.


Вукхара шайна дика хетачу агӀор кӀезигчу ханна таӀзар дора вайна, ткъа Кхо – вайна пайда хилийта, вайга Шен возаллехь дакъа лацийта до.


Делан дош довзарехь кхиъна болчу нахана лерина бу чӀогӀа кхача. Гуттара а шайн кхетамашца а, хьекъалца а лелаш, уьш Ӏемира дика а, вон а къасто.


Шу цунах даккхийдеш ду, хӀинца кӀеззигчу ханна шайна тайп-тайпанара зер лан дезахь а.


Хьайна хиларх а, къинойх а дуьзна ду церан бӀаьргаш. Сина кӀезиг нах талхабо цара. Церан дегнаш Ӏемина ду саьхьара гӀуллакхаш лело. НеӀалт хилла нах бу уьш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios