10 Вукхара шайна дика хетачу агӀор кӀезигчу ханна таӀзар дора вайна, ткъа Кхо – вайна пайда хилийта, вайга Шен возаллехь дакъа лацийта до.
Шен пхерчий а кхиссина, Цо мостагӀий дӀасалаьхкира. ЧӀогӀа ткъес а тоьхна, Цо уьш дӀа ма бовдийтира.
Л аа а лууш ца до Везачу Эло адамийн кӀенташна таӀзар а, халахетар а.
«ДӀаала массо а исраилхошка: „ЦӀена хила, хӀунда аьлча Со, шун Веза Дела, цӀена ву.
Билггал нийса а долуш, цӀена а долуш, Делах тера кхоьллина долу керла адам а хилий, дӀахӀитта.
Ткъа хӀинца, Ша леррина Къобалвинчун дегӀан даларехула, Дела шуьца тайра, Шена хьалха шу даздина а, цӀена а, ала хӀума доцуш а дӀахӀитторхьама.
Цо вайн дуьхьа Шен дахар дӀаделла, вай муьлххачу а зуламех паргӀатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тӀегӀиртина долу а халкъ къинойх цӀандархьама а.
Массо а адамца машаре хила, ткъа Далла гергахь цӀена хила хьовса. ЦӀеналла ца хилча, цхьанна а Веза Эла гур вац.
Шу шаьш а ду дийна тӀулгаш. Шайх синан цӀа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла лууш долу синан сагӀанаш даха.
Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама.
Ша лур ду аьлла сийлахь а, деза а совгӀаташ делла Цо вайна Шен сийлаллехула а, оьздангаллехула а, уьш бахьана долуш, хьарамчу лаамаша дуьнен чохь лелачу талхарна гена а девлла, шу Деле терра хилийтархьама.
НуӀматан цӀийнда Элималик дӀакхелхира, ткъа иза шен шина кӀантаца йисира.