Ӏебархошка 12:1 - Делан Йозанаш1 Цундела, гонах тешийн бӀо хиларна, ваьшна тӀера массо а новкъарло а, ваьшна гонах хьаьрчаш долу къа а дӀадоккхийла вай. Доьналла а долуш, ваьшна хьалха хуьлучу къийсаман новкъахула дӀадовдийла вай, Ver Capítulo |
Со вахара, Дала, цига со ваха веза аьлла, сайна схьадиллина дела. ТӀаккха айса кхечу къаьмнашна юкъахь кхайкхош болу хаза кхаъ цигахь болчу динан вежаршна а бовзийтира аса. Амма аса иза, массо а халкъана юкъахь доцуш, шун керла векалш болчуха лелачарна юкъахь дӀабовзийтира, айса хьалха дина а, хӀинца до а гӀуллакх эрна ца хилар хаархьама.