Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 11:6 - Делан Йозанаш

6 Тешар ца хилча, Дела реза войла дац. Далла тӀевогӀуш верг теша веза Иза хиларх а, Цо Ша леррина лоьхучунна совгӀат луш хиларх а.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 11:6
47 Referencias Cruzadas  

И дерриг а хиллачул тӀаьхьа Везачу Элан дош деара Ибрамна, цхьа сурт а хӀоьттина. Дала элира: «Ма кхералахь, Ибрам! Со хьо Ӏалашвен йолу гӀап ю. Ас хьуна ден долу совгӀат а доккха ду».


Ткъа хьуна, сан кӀант Сулим, вовзийла хьайн ден Дела. Хьайн доллучу синца а, доггах а Далла гӀуллакх де, хӀунда аьлча Везачу Элана хаьа хӀораннан а даг чохь дерг а, цуьнан ойланаш а евза Цунна. Нагахь ахьа Веза Эла лахахь, Цо Ша каравойтур ву хьуна. Амма Шегахьара Хьо дӀаверзахь, Везачу Эло гуттаренна а дӀатосур ву хьо.


Цара Деле боху: „Дита тхо, Хьан некъаш довза тхуна ца лаьа!


Царна гира Везачу Эло до гӀуллакхаш: кӀоргачу хӀордашна тӀехь долу Цуьнан тамашийна хӀуманаш.


Со везаш волу сан Дела суна хьалхавер ву. Дала со сайн мостагӀашна тӀехула хьоьжуьйтур ву.


Ӏесачу стага йоккху ял стаг левеш йоккху, амма, лаьтта тосу хӀу санна, нийсо тосучун совгӀат чӀогӀа лаьтта.


Со дезарш суна а беза, со лохуш болчарна со карор а ду.


ХӀинца тидам бе, Суна тӀедуьйла! ЛадогӀа Соьга, шайн синош дахийтархьама! Ас гуттар а хин болу барт бийр бу шуьца, Даудана лур ду аьлла долу тешаме диканаш лур ду шуна.


Эпрайм-мехкан олахо Шамран-гӀала ю, ткъа Шамранан олахо Рамли-ЯхӀун кӀант бен вац. Нагахь санна шу ца тешахь, шу чӀагӀдина хир дац’“».


Ва Исраилан тӀаьхье, тидам бе Везачу Элан дешнашка: «Яьсса аре я Ӏаьржачу боданан латта санна Исраилан халкъана вара Со ткъа? Иштта хӀунда боху Сан къомо: „Тхо кхерсташ ду, ткъа Хьо волчу юхадоьрзур дац!“?


Везачу Эло Мусага элира: «ХӀара халкъ мел Ӏийр ду Суна дуьхьалдаьлла? Аса шайна гайтинчу тамашийначу билгалонех ца тешаш мел Ӏийр ду иза?


Амма Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: «Исраилан халкъана хьалха Сан возаллех тоьшалла дан шу тешар ца тоарна, Ас лун долчу лаьтта тӀе аш халкъ дуьгур дац».


ХӀаъ, Сан Да, иза Хьан лаамца хилла ду.


Хазахетарца даккхийделаш! ХӀунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу».


«Шаьш марха кхобучу деношкахь, шалхалла йолу нах санна, олла а делла, дастам девлла ма лела, хӀунда аьлча уьш шаьш марха кхобийла нахана дӀагайта гӀерташ лела. Аса ма-аллара, царна йогӀуш йолу ял дӀакхаьчна шуна.


Уггар хьалха Делан Олалла а, Цуьнан лаам а лаха. Важа дерриг а Дала шуна лур ду.


«Шаьш доӀа дечу хенахь шайца шалхалла йолчу нахах дӀа ма тарло, гуламан цӀенош чохь а, ураман некъашкахь а нахана шаьш гайтархьама доӀанаш дан дӀахӀуьттуш болчу. Аса тоьшалла до шуна: царна шайна йогӀуш йолу ял дӀакхаьчна.


Ткъа тешначарна иштта билгалонаш хир ю: Сан цӀарца жинаш а арадохур ду цара, кхечу меттанашца а дуьйцур ду.


Уггар хьалха Делан Олалла лаха, важа дерриг а Дала шуна лур ду».


Амма аш кхечу тайпана дан деза: шайн мостагӀий беза, диканиг де, духалург ло, схьадаларе а ца хьоьжуш, тӀаккха шуна лун йолу ял еза хир ю: шу Веза Воккхачун бераш хир ду, хӀунда аьлча Дела Ша а къинхетаме ву вочу а, шайна динчу диканна хама ца бечу а нахаца.


Цунна дуьхьал Ӏийсас элира: «Со бу шуна некъ а, билггал долу бакъдерг а, дахар а. Цхьа а ца воьду Дена тӀе, Соьгахула бен.


Ас аьлла-кх шуьга, шу шайн къиношца лийр ду, хӀунда аьлча, нагахь Суо Верг Со хиларх шу ца тешахь, шайн къиношца лийр ду шу».


Ткъа Цуьнга муха кхойкхур бу уьш, Цунах шаьш тешаш ца хилча? Муха тешар бу уьш, Цунах лаьцна шайна хезна а ца хилча? Муха хезар ду царна, Цунах лаьцна цхьаммо а дӀакхайкхош ца хилча?


ХӀунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца тхо хӀинца цхьаъ хиларна, цхьа а маьӀна дац я сунтваран а, я сунт ца варан а. Далла хьалха маьӀна долу хӀума цхьаъ ду: безаман гӀуллакхаш хуьлуьйту тешар хилар.


Дала леррина Къобалвинчун сийсазвар шена доккхаха хьал лерира Мусас Мисар-мехкан хазнел а. Иза шена лун долчу совгӀате хьоьжура.


Иштта, хьовсалаш, вежарий, шайна юкъахь цхьаннан а мекара а, тешар доцу а дог ма хилийталаш, дийна волчу Делах шаьш дӀа ца къастийтархьама.


Исраилхошна санна, вайна а бовзийтина Делан хаза кхаъ. Амма иза хезначара цу тӀе тешар ца тоьхна, цундела царна пайда ца бина хазачу кхоо.


Иштта, цхьаберш Дала лучу синтеме кхочур бу, ткъа хаза кхаъ хьалха хезна болу вуьш цига кхочур бац, шаьш ла ца догӀарна.


(Мусас беллачу товрат-хьехамо цхьа а хӀума кхачамалла йолуш ма ца дерзийна), вукху агӀор хӀинца вайна лучу дикачу сатийсамо вай Далла гергахьа кхачадо.


Цундела Шегахула Далла тӀевогӀург Цуьнга кхоччуш кӀелхьарваккхало, хӀунда аьлча Иза гуттар а дийна ву, Цо доӀанаш дийр ду Ша кӀелхьарбохучарах.


Цундела, вежарий, кхидӀа а хьовсалаш Дала шаьш тӀекхайкхар а, харжар а бакъ хилар гайта. Иштта хилахь, цкъа а галдевр дац шу.


Цундела аша берриг а ницкъ тӀебахийта шайн тешар оьздангаллица совдаккхархьама. Ткъа оьздангалла кхетамца совъяккха.


Цундела, хьоменаш, цуьнга сатуьйсуш, шайн ницкъ кхочург делаш Далла хьалха бехдалаза а, талхаза а дӀахӀитта а, Цуьнца бертахь хила а.


Ткъа кӀиллойн а, Ӏийсах тешар доцучеран а, вон болчеран а, адам дийначеран а, сийсаза лелачийн а, бозбунчийн а, харцделанашна Ӏамал еш болчеран а, массо а харцлуьйчеран а дакъа хир ду цӀарах а, саьмгалх а богучу Ӏам чохь. Иза шозлагӀа валар ду».


Везачу Эло декъала йойла хьо, ахь бинчу оцу дикачу балхана! Буьззина мах хадабойла Исраилан халкъан Везачу Дала, Цуьнан тӀома кӀел хьо ларъяйта еанчу хьан!» – жоп луш, элира БоӀаза.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios