5 Тешар хиларна, валар хӀун ду ца хууш, стигала хьалаваьккхина ХӀанох: «...иза ца карийра, Дала иза дӀаэцна дела». ХӀанох дӀаэцале, Дела цунна реза ву аьлла, тоьшалла до Делан Йозанаша.
Везачу Эло йилбазмохана юкъахь Эли-ЯхӀу-пайхамар стигала хьалавоккху хан тӀекхаьчначу хенахь, Эли-ЯхӀу Галгал-гӀаларчу ЭлишаӀца новкъахула вогӀуш вара.
Къамел а деш, и шиъ новкъахула вогӀучу хенахь, цӀеххьана схьаеанчу цӀеран гӀудалкхо а, цӀеран говраша а дӀасакъастийра уьш. ТӀаккха йилбазмохана юкъахь Эли-ЯхӀу стигала хьалавахара.
Паччахьо шен кӀанте Ярахьмиале а, Ӏазриалан кӀанте Сари-ЯхӀуга а, Ӏабдиалан кӀанте Шалам-ЯхӀуга а омра дира, йозанча волу Барух а, Ярми-ЯхӀу-пайхамар а схьалаца аьлла, амма Везачу Эло и шиъ къайлаваьккхинера.
Цунна Делан Синера хаам бара, Везачу Эло леррина Къобалвинарг галлалц, иза лийр вац аьлла.
ЛемакӀ Матушалахьан, Матушалахь ХӀанохан, ХӀанох Ярадан, Ярад Махьаллалан, Махьаллал Къаиман,
Ткъа Дала тхан сий а дина, Шен хаза кхаъ тешарца тхоьга кховдоре терра, иштта, адамашна томана а доцуш, амма вайн дегнаш зуьйш волу Дела лоруш бо оха и хьехамаш.
Тешар ца хилча, Дела реза войла дац. Далла тӀевогӀуш верг теша веза Иза хиларх а, Цо Ша леррина лоьхучунна совгӀат луш хиларх а.
Амма тхуна гург Ӏийса ву. «Цхьана ханна маликашна хьалха лахвина» вара Иза, ткъа хӀинца, Ӏожалла тӀеэцарна, «сийлаллин таж а делла, вазвина ву Иза». Иза иштта лелла, Дала маьхза дина дика бахьана долуш, дерриге а адамийн дуьхьа кхалхархьама.
ТӀаккха, Цуьнан весеташ кхочуш а деш, Делан лаамехь вай леларна, хӀуъа а вай дехнарг лур ду Цо вайна.
Адаман ворхӀалгӀачу тӀаьхьенах волчу ХӀаноха а Делера болу хаам бина царах: «Веза Эла ву Шен дагар ца даллал дукха долчу дезачу маликашца вогӀуш