Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 11:4 - Делан Йозанаш

4 Тешар хиларна, Хьабула Кхаима чул тоьлла сагӀа даьккхира Далла. Цуьнан тешар бахьана долуш Дала, Хьабула деана совгӀаташ схьа а эцна, иза Шен лаамехь хиларан тоьшалла дира. Хьабул кхелхинехь а, шен тешар хиларна, къамел деш ву иза хӀинца а.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 11:4
21 Referencias Cruzadas  

ТӀаккха Везачу Эло элира: «Ахь хӀун дина? Хьан вешин цӀийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара.


Везачу Эло элира Кхаиме: «Нагахь санна хьо цхьаммо вехь, цунна ворхӀазза бекхам бийр бу Ас». ТӀаккха Везачу Эло Кхаимна тӀехь тамашийна билгало йира, и билгало хилар бахьана долуш, иза дуьхьал кхетча, цхьаьнгге а ца вейтархьама.


Адам шен зудчух Хьавах а кхетта, церан кхин а цхьа кӀант хилира. Цунна ШатӀа аьлла цӀе тиллира (иза Ӏебархойн маттахь «схьавелларг» бохург ду). «Дала кхин цхьа кӀант схьавелла суна. Кхаима Хьабул вийра, ткъа хӀинца сан ШатӀа а ву», – элира Хьавас.


ТӀаккха, цхьана дийнахь, Кхаима Хьабуле элира: «Аренга гӀой вайшиъ?» Уьш аренга баьхкича, Кхаима, шен вешина Хьабулина чу а гӀоьртина, иза вийра.


ТӀаккха Везачу Эло цӀе охьахьажийра. Оцу цӀеро сагӀина еана хӀума а, дечиг а, тӀулгаш а, кхерчана гонахара латта а дагийра. Саьнгар чохь долу хи а дакъийра цо.


Дайша хьо Ӏамор ву, цара эр ду хьоьга, шайн дага тӀера дешнаш схьадохур ду:


Везачу Элана Ӏесачу стага доккхуш долу сагӀа ца деза, амма догцӀеначун доӀане Цо резахиларца ладугӀу.


Везачу Элана ца деза Ӏесачу наха дохуш долу сагӀанаш, уьш мекарлонца дохуш хилча – муххале а ца деза.


Везачу Элера схьайолучу цӀеро кхерча тӀера дийнаташ дагоран сагӀина дийна бежана а, мохь а дӀакхаьллира. И дерриге а гина халкъ, инзардаларца маьхьарий а тоьхна, бертал суждана дахара.


Шуна тӀехь ду шуна Делан лаамехь болчеран цӀий, аша Ӏанийна долу, бехк боцучу Хьабулна тӀера дӀадолийна Барак-ЯхӀун кӀант волчу Закри-ЯхӀуна тӀекхаччалц, Делан цӀенний, сагӀа доккхуш болчу кхерчаний юккъехь аша вийна волчу.


Хьабулна тӀера Делан цӀенний, сагӀа доккхучу кхерчаний юккъехь вийначу Закри-ЯхӀуний тӀе кхаччалц. Билггала боху шуьга, аш жоп лур ду дериггенах а.


Шайна Дела вевза олу цара, амма шаьш лелош дерг бахьана долуш Цунах дӀабоьрзу уьш. Уьш хьакъ долуш бу вай царах ца даша. Уьш Далла муьтӀахь бац. Цхьана а тайпана дика гӀуллакх шайгара далийта церан хьуьнар дац.


Церан тешар хиларна, Дала хастийна хьалхалерчу заманахь баьхнарш.


Цундела, гонах тешийн бӀо хиларна, ваьшна тӀера массо а новкъарло а, ваьшна гонах хьаьрчаш долу къа а дӀадоккхийла вай. Доьналла а долуш, ваьшна хьалха хуьлучу къийсаман новкъахула дӀадовдийла вай,


керлачу бертан Юкъарлонча волчу Ӏийсана, Хьабулан цӀийнал а дика кхаъ буьйцуш долчу, тӀехьорсучу цӀийн цинцашна.


Нахана юкъара хоржуш волу муьлхха а динан коьрта да хӀоттаво адамийн дуьхьа Далла Ӏамал ян а, къинойх тайп-тайпана сагӀанаш даха а.


Товрат-хьехаме хьаьжжина, дерриг а ала мегар долуш хӀума цӀийца цӀандеш ду, цӀий ца Ӏанийча, гечдар ца хуьлу.


(ХӀунда аьлча царна юкъахь Ӏийна и Делан лаамехь волу стаг хӀора дийнахь дагахь бала лаьтташ вара, цу наха лело боьха гӀуллакхаш ган а гуш, царах дерг хаза а хезаш.)


Къа ду церан, хӀунда аьлча Кхаиман новкъахула боьлхура уьш, БалиӀам санна, кхаьънашка марзбелира уьш, Кхорахь санна, гӀевттира уьш, ткъа иза санна, хӀаллак а хир бу уьш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios