38 Дерриг а дуьненал лакхара болу уьш яьссачу аренашкахула, лаьмнашкахула, хьехашкахула, Ӏаннашкахула бевлла лелара.
«ХӀокху меттера дӀа а валий, Йордан-хина малхбалехьа долчу Карит-Ӏин чохь дӀалачкъа.
Сан эла, хьоьга ца дийцина, Изабала Везачу Элан пайхамарш бойучу хенахь, аса динчух лаьцна? Аса Везачу Элан бӀе пайхамар дӀахьулвира. Аса уьш, цхьатерра шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Царна даа бепиг а, мала хи а латтадора аса.
Изабала Везачу Элан пайхамараш хӀаллакбечу хенахь, Ӏабди-ЯхӀус цхьа бӀе пайхамар схьагулвира. ТӀаккха, уьш, шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Цу чохь Ӏабди-ЯхӀус юург а, мала хи а латтадора царна.)
Цигахь цхьана хьехана чу а ваьлла, цу чохь буьйса яьккхира Эли-ЯхӀус. Юха Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхӀуга: «Эли-ЯхӀу, хьо хӀун деш ву кхузахь?»
Делан лаамехь верг хӀаллакьхуьлу, ткъа цхьанна а дагах ца кхета иза. Далла тешаме нах бахарна тӀера дӀабоху, амма цхьа а ца кхета – Делан лаамехь верг дӀакхолхуьйту, цунна зулам ца хилийтархьама.
Цо Гадал-ЯхӀу бахьана долуш байина нах чукхиссина йолу гӀу Аса цӀе йолчу паччахьо яьккхина хилла, исраилхойн паччахь волчу БаӀшах ша ларвайтархьама. Натан-ЯхӀун кӀанта ИсмаьӀала и гӀу ша байинчу нехан декъех хьалаюьзна.
Исраилхошца чӀогӀа къиза бара маданхой. Шаьш маданхойн баланах кӀелхьардаха, исраилхоша лаьмнаш юккъехь къайлах йолу меттигаш а, хьехаш а, чӀагӀйина меттигаш а лехира шайна.
Цигара ведда, Дауд Ӏадуламарчу хьеха чу вахара. Иза шайна хезча, цуьнан вежарий а, цуьнан цӀийнан нах а хӀара волчу баьхкира.
Даудана гуш дара, Шаул ша вен араваьлла хилар. Цу хенахь Дауд Зип олучу яьссачу арахь йолчу Хьорша цӀе йолчу меттехь вара.
Шаул волчу ГебаӀ-гӀала баьхкира зипахой. Цара элира: «Дауд тхо долчохь чӀагӀйинчу меттигашкахь: Хьорша олучу меттехь а, Яшимунна къилбехьа Ӏуьллуш болчу Хьахила-барза тӀехь а дӀалечкъаш лелаш ву.
Иза мичахь хуьлу, мичахь дӀалечкъа дикка хьовса. Цунах билггала бакъдерг дахьаш схьадуьйла. ТӀаккха со а вогӀур ву шуьца. Иза кху лаьтта тӀехь велахь, аса лохур ву, массо а ЯхӀуд-махкахь болчу доьзалшна юкъахь лаха везахь а».
Зипахоша, Шаул волчу ГебаӀе а баьхкина, элира: «Дауд тхо долчохь, Яшимунан дозанна уллохь болчу Хьахила-барза тӀехь, къайлаваьлла лелаш ву».