Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 11:37 - Делан Йозанаш

37 Царна тӀулгаш а кхуьссура, уьш херхашца хеда а бора, таррашца байа а бойура. Чудаха цӀа а доцуш, уьстагӀийн а, гезарийн а кхекхий а хьерчийна, лелла уьш, халонаш а, баланаш а, наха шайна беш болу ницкъ а ловш.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 11:37
40 Referencias Cruzadas  

Дауда, Рабба-гӀалахь мел болу бахархой ара а баьхна, уьш херхашца, аьчка отургашца, дагаршца болх бан дӀахӀиттийра. Ткъа иштта кибарчигаш а йоттура цара. Цо массо а Ӏамминхойн гӀаланашкахь и тайпа белхаш дӀахӀиттийра. Цул тӀаьхьа Дауд а, цуьнан эскар а Ярушалайме юхадирзира.


Сан эла, хьоьга ца дийцина, Изабала Везачу Элан пайхамарш бойучу хенахь, аса динчух лаьцна? Аса Везачу Элан бӀе пайхамар дӀахьулвира. Аса уьш, цхьатерра шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Царна даа бепиг а, мала хи а латтадора аса.


Изабала Везачу Элан пайхамараш хӀаллакбечу хенахь, Ӏабди-ЯхӀус цхьа бӀе пайхамар схьагулвира. ТӀаккха, уьш, шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Цу чохь Ӏабди-ЯхӀус юург а, мала хи а латтадора царна.)


Эли-ЯхӀу-пайхамаро динчух лаьцна а, цо БаӀалан массо а пайхамарш тур хьаькхна байарх лаьцна а – дерриг а Изабале дӀадийцира Ахьаб-паччахьо.


Эли-ЯхӀус жоп делира: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, ас Хьуна леррина гӀуллакх дора. Исраилан халкъо Хьоьца бина барт дӀатесна, Хьан сагӀа доккху кхерчаш бохийна, Хьан пайхамарш тур хьаькхна байина. Со цхьаъ бен висина вац, со а вен дагахь лоьхуш ву цара».


Иза хезча, Эли-ЯхӀус тӀехула юхучу шен бедарца юьхь дӀахьулйира. Хьеха чуьра ара а ваьлла, цу чу воллучохь хӀоьттина лаьтташ вара Эли-ЯхӀу. Цхьана озо цуьнга хаьттира: «Хьо хӀун деш ву кхузахь, Эли-ЯхӀу?» – аьлла.


Эли-ЯхӀус жоп делира: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, ас Хьуна леррина гӀуллакх дора. Исраилан халкъо Хьоьца бина барт дӀатесна, Хьан сагӀа доккху кхерчаш бохийна, Хьан пайхамарш тур хьаькхна байина. Со цхьаъ бен висина вац, со а вен дагахь лоьху цара».


Цигара дӀавахача, Шаптин кӀант ЭлишаӀ латта охуш карийра Эли-ЯхӀуна. Шийтта шуьста а боьжна, латта а охуш, ша шуьйтталгӀачу шуьстана уллохь вогӀуш вара иза. Ша ЭлишаӀана юххехула чекхволуш, Эли-ЯхӀус шен тӀехулара бедар цунна тӀе кхоьссира.


Ткъа цунна дуьхьал ши зуламхо охьа а хаавай, цунна дуьхьал тоьшалла а деш, цаьрга дӀаалийта: „Ахьа Дела а, паччахь а емалвеш хӀума элира“. ТӀаккха гӀалара ара а ваккхий, валлалц тӀулгаш кхисса цунна тӀе».


Цара жоп делира: «Цу стеган дегӀа тӀехь дукха чоьш а дара, гӀодаюкъах дихкина тӀаьрсиган доьхка а дара». Ахьаз-ЯхӀус элира: «Иза тишабхо волу Эли-ЯхӀу ву».


ТӀаккха, Эли-ЯхӀуна тӀера охьайоьжна йисина йолу тӀехулара бедар схьа а эцна, ЭлишаӀ юхавирзира. Иза Йордан-хин йистехь сецира.


ТӀаккха, шен тӀехула юху бедар схьа а эцна, иза хьарча а йина, хи чу туьйхира Эли-ЯхӀус. Хи дӀасадекъаделира, и шиъ екъачухула дехьавелира.


Рабба-гӀалахь мел болу бахархой ара а баьхна, уьш херхашца, аьчка отургашца, дагаршца болх бан дӀахӀиттийра цо. Дауда массо а Ӏамминхойн гӀаланашкахь цу тайпана белхаш дӀаболийра. Цул тӀаьхьа Дауд а, дерриг а цуьнан эскар а Ярушалайме юхадирзира.


Цара, Закри-ЯхӀуна дуьхьал барт а бина, паччахьан омрица Везачу Элан цӀийнан кертахь цунна тӀе тӀулгаш кхиссира.


Шун къомана Ас таӀзар дар эрна хилла, исраилхой, хӀунда аьлча наха шаьш нис ца байтина. Цоьстучу лоьмо санна, аша таррашца шайн пайхамарш хӀаллакбина».


цигара УръяхӀу схьавалавайтира. ТӀаккха ЯхӀу-Якхам-паччахьо, иза тур тоьхна вен а вейтина, цуьнан дакъа къечу нехан кешнаш долчохь охьакхоссийтира.)


И де тӀекхаьчча, шена сурт хӀоттийна хӀорра а харцпайхамар Делан цӀарах хаам бан хӀуттур вац. Нах лебархьама, пайхамарийн духар шайна тӀедухур дац харцпайхамарша цкъачунна.


И кхоалгӀа дакъа Ас цӀерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цӀандеш ма-хиллара, цӀан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“»


Амма цара, кхо бахкийтина болу нах схьа а лаьцна, царах цхьанна чӀогӀа йиттина, важа вийна, ткъа кхозлагӀниг, тӀулгаш диттина.


Цу хенахь Яхьъяс эмкалан тӀаргӀанах йина бедарш а лелайора, гӀодаюккъе шуьйра тӀаьрсиган доьхка а доьхкура. Юучу хӀуманах цо билгалдаьккхинарг цӀоз а, акха моз а дара.


Ӏийсас цуьнга элира: «Цхьогалийн а, олхазарийн а чохь Ӏан баннаш ду, ткъа Адамийн КӀентан корта дӀатовжо меттиг а яц».


Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тӀебахкийтиначарна тӀулгаш детта ахь. Мел чӀогӀа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кӀорнеш тӀома кӀел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза.


Антиохера а, Иконера а баьхкинчу цхьаболчу жуьгташа и нах шайна тӀеберзийра. Адамийн тоба, векалшна дуьхьал а яьлла, ПахӀална тӀулгаш детта йолаелира. Эххар а, иза велла моьттуш, такхийна гӀаланах араваьккхира цара.


Цхьа а пайхамар хиллий, шун дайша эккхийна лелийна воцуш? Делан Лаамехьверг вогӀур ву аьлларш бойура цара, ткъа аша хӀинца, Цунна ямарта а девлла, Иза а вийна.


Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа иза хиларна, со реза ву сайн гӀорасизаллина а, со дола хетарна а, халонашна а, суна тӀаьхьабовларна а, цатемашна а, хӀунда аьлча со гӀорасиза волччу хенахь сан ницкъ а хуьлу.


Делан халкъаца халонаш лан резахилира иза, йоццачу ханна долу къилахь самукъадалар лелочул.


Дагахь латтабе набахти чохь берш, шаьш цаьрца цхьаьна долуш санна. Дагахь латтабе Ӏазапехь бохкурш, шайн догӀмашкахь шаьш баланаш хьоьгуш санна.


Аса Сайн шина тешана олалла лур ду Сайгара болу хаамаш бан. Вон тӀедеача тӀеюхуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, цхьа эзар ши бӀе кхузткъа дийнахь Соьгара болу хаамаш дӀакхайкхор бу цара».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios