Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 11:35 - Делан Йозанаш

35 Тешар хиларна, зударша шайн делла бераш, ден а луш, схьаоьцуш хилла. Цхьаберш, ницкъ а беш, бойуш хилла, амма цара паргӀато схьаоьцуш ца хилла, тоьллачу дахарехь шайн дендалар хилийтархьама.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 11:35
17 Referencias Cruzadas  

Беллачуьра денлучу заманахь наха зударий а балор бац, я уьш маре а гӀур бац. Стигаларчу маликех тарлур бу уьш.


Беллачуьра денбеллачара зударий а балор бац, маре а гӀур бац, амма стигаларчу маликех тарлур бу уьш.


Хьо декъала хир ву, хӀунда аьлча церан хьуна иза юхадан таро яц. Делан лаамехь болу нах денлучу дийнахь, юхалур ду хьуна иза».


Деллачуьра ден а делла, уьш Делан бераш ду. Маликех тарделла, уьш кхин лийр дац.


ТӀаккха, ден а белла, арабевр бу уьш. Царах дика гӀуллакхаш динарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре гӀур бу. Ткъа шайн дахарехь вон гӀуллакхаш динарш шайна кхел яйта денлур бу.


Ша Риман вахархо дӀавихкинийла хиъча, коьрта хьаькам кхеравелира цуьнга барт хатта кечбелларш цу сохьта юхабевлира, ткъа.


Гулбеллачу нахана юкъахь цхьаберш садукъой, вуьш парушхой буйла шена хиъча, ПахӀала чӀоггӀа элира: «Вежарий! Со парушхочух схьаваьлла парушхо ву шуна! Белларш денлуш хиларх сатесна ву аьлла, валийна ву со кхуза кхел ян».


Делан лаамехь болчарна а, боцучарна а беллачуьра денлур бу аьлла болу, хӀорш а шех тешаш болу, Делах болу цхьа сатийсам бу сан.


Амма Кипас а, Яхьъяс а жоп делира: «Ойла ейша шаьш а, нийса дуй Далла хьалха, Делал хьалха шуьга ладогӀар?


Кипас, куьг а лаьцна, гӀо дира цунна когаш тӀе ирахӀотта. Юха Ӏийсах тешарш а, бисина Ӏаш болу зударий а схьа а кхайкхина, царна денъелла Тавита дӀагайтира цо.


ТӀаккха хӀара телхар долу дегӀ телхар доцучу тайпана а хилча, ткъа хӀара лен долу дегӀ цкъа а лийр доцуш дӀа а хӀоьттича, кхочушхир ду Делан Йозанаш тӀехь яздинарг: «Ӏожалла дӀа а кхаьллина, толам баьккхина».


Иза санна, веллачуьра денваларе са а туьйсу аса.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios