Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 11:34 - Делан Йозанаш

34 буьрса цӀе а йойуш, ирачу туьрах кӀелхьар а довлуш, гӀелделча, дегӀе ницкъ а богӀуш, тӀамехь онда а хуьлуш, мостагӀийн эскарш а лохкуш, хилла уьш.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 11:34
36 Referencias Cruzadas  

Эли-ЯхӀу-пайхамаро динчух лаьцна а, цо БаӀалан массо а пайхамарш тур хьаькхна байарх лаьцна а – дерриг а Изабале дӀадийцира Ахьаб-паччахьо.


Кхера а велла, Эли-ЯхӀу цигара дӀавахара, шен са кӀелхьардаккхархьама. ЯхӀуд-махкахь йолчу Беар-ШабаӀ-гӀала а вахана, Эли-ЯхӀус шен ялхо цигахь витира.


Пайхамарийн тобано ЭлишаӀе элира: «Хьуна юххехь тхо Ӏаш долу хӀара меттиг тхуна готто ю.


Исраилхойн паччахьо геланча вахийтира ЭлишаӀана тӀе. ЭлишаӀ шен цӀа чохь вара. И волчохь хевшина Ӏаш къаной а бара. И геланча шена тӀе а вале, ЭлишаӀа элира: «Суна хаийтинарг хаьий те шуна? Оцу адамаш хӀаллакдеш волчо, сан корта тӀерабаккха, цхьаъ схьахьажош ву! И геланча схьакхаьчча, неӀ дӀакъовлалаш! НеӀ тӀе а таттий, чу ма виталаш иза. Цунна тӀаьххье схьавогӀучу цуьнан олахочун когийн тата а ду суна хезаш!»


Шен доттагӀашна тӀера Аюба доӀа дича, Везачу Эло цунна беркат юхадерзийра. Цуьнан хиллачул а шозза дукха бахам белира цунна Везачу Эло.


Дала мацаллех хьо кӀелхьарвоккхур ву, тӀам тӀехь туьрах а ларвийр ву.


Л аьттара Ахьа мел кхоьллинчо хеставо Хьо, Веза Эла, Хьуна тешамечу наха декъалво Хьо.


ГӀайгӀанехь хиларна сан бӀаьргаш гӀелделла. МостагӀий бахьанехь уьш телхина догӀу.


Вукху кӀентан цӀе ЭлиӀазар яра (и цӀе «Дала суна гӀо до» бохучух тера ю). Иза вича, Мусас элира: «Сан ден Дала, суна гӀо а дина, пирӀунан туьрах со кӀелхьарваьккхина».


Хьо хийх дехьадолучу хенахь, Со хьоьца хир ву. Хьо Ӏоврех дехьадолучу хенахь, хиша хьо дӀакхоьхьур дац. ЦӀерах хьо дехьадолуш, цо хьо дагор дац, цӀеран алунаша хьуна зе дийр дац.


Амма Шапанин кӀант Ахьикхам Ярми-ЯхӀуна тӀехӀоьттира, цундела иза халкъан кара дӀа ца велира, цаьрга ца вейтархьама.


Дукха адам туьро хьокхур ду, массо а мехкашка йийсаре дуьгур ду. Ярушалайм кхечу къаьмнех болчара хьаьшна латтор ю, шайн хан дӀаяллалц».


Сан хьоменаш, шуна тамашийна ма хета шайн луьра зер лан дезар, дага ма даийта, шайца цхьа тамашийна хӀума хуьлу аьлла.


Настарш а, хенаш а кегдина, пӀелаштамхой охьабехкира цо. Цул тӀаьхьа иза ӀайтӀам олучу тархана уллорачу чӀожа чохь охьахиира.


Цо, шен дагахь: «Аса иза хӀинца пенах дӀалатор ву», – бохуш йолу ойла а еш, гоьмукъ кхоьссира. Амма Дауда, шозза а дӀа а таьӀна, иза тӀехбалийтира.


Шаулна Дауд гоьмукъца пенах дӀатоха дагадеара. Амма Дауд шена тӀекхоьссина болу гоьмукъ гича, каде дӀаиккхира, ткъа гоьмукъ пенах чубахара. Дауд цу буьйсанна Шаулах ведда кӀелхьарвелира.


Рамерчу Наютара Дауд, ведда, ЯхӀуната волчу веара. Цо ЯхӀунате хаьттира: «Ас хӀун дина? ХӀун харцдерг даьлла соьгара? ХӀун къа латийна ас хьан дена хьалха, иза со вен гӀерттал?»


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios