Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 11:33 - Делан Йозанаш

33 Тешар хиларна, пачхьалкхашна тӀехь толамаш а бохуш, нийсо а лелайойтуш, Дала лур ду аьлла хӀуманаш схьа а оьцуш, лоьмийн баганаш дӀа а къовлуш,

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 11:33
26 Referencias Cruzadas  

Доьналла долуш хила. Майра лаьттар ду вай, Исраилан халкъ а, вайн Делан гӀаланаш а ларъеш. Ткъа Везачу Эло Шен лаам берг дийр ду».


Дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла а деш, шен халкъаца бакъо а, нийсо а лелош вара Дауд.


Пайхамар новкъавелира. Новкъахь дӀатесна Ӏуьллу Делан стеган дакъа гира цунна. Ткъа цунна уллохь лаьтташ виррий, ломмий дара. Лоьмо дакъа а ца диънера, вир а ца цистинера.


Л аьттара Ахьа мел кхоьллинчо хеставо Хьо, Веза Эла, Хьуна тешамечу наха декъалво Хьо.


Делан лаамехь берш, хурма-дитт санна, заза даьккхина хуьлу, Ливанун-махкара баган-дитт санна, уьш хьала а кхуьу.


Хазахетарца даккхийделаш! ХӀунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу».


Ткъа Дала, чӀагӀо еш, элира Ша ИбрахӀимна а, цуьнан тӀаьхьенах волчунна а лун дерг. Дацара и аьлла: «тӀаьхьенах болчарна» бохург дуккханех лаьцна долуш санна, амма цхьаннах лаьцна долуш санна аьллера, «хьан тӀаьхьенах волчунна» аьлла. Иза ву Дала леррина Къобалвинарг.


Амма соьца Веза Эла вара. Цо ницкъ белира суна хаза кхаъ кхоччуш болчу барамехь соьгахула дӀакхайкхабайта а, массо а кхечу къаьмнех болчу нахана иза дӀахазийта а. Иштта кӀелхьарваьккхинера со лоьман багара.


Шуна собар оьшу, Делан лаам кхочуш а бина, шайна лур ду аьлларг схьаэца.


Тешар хиларна, ИбрахӀима, ша зийча, сагӀа даккха Исхьакх валийна. Шена лур ду аьлларш тӀеэцнехь а, шен цхьаъ бен воцу кӀант сагӀина дӀавала резахилла иза.


Амма цхьаммо ала тарло: «Хьан тешар ду, ткъа сан гӀуллакхаш ду». ГӀуллакхашца доцуш долу хьайн тешар гайта суна, ткъа аса гӀуллакхашца долу сайн тешар гойтур ду хьуна.


Собаре а, сема а хила! Шун мостагӀа, иблис, ду, гӀигӀ ден лом санна, цхьаъ дӀакхалла гӀерташ даьлла лелаш.


АхӀуд веллачул тӀаьхьа а исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира.


Исраилхоша жоп делира: «Ахьа тхуна хала а ца хетийтина, я гӀело а ца йина, я тхоьгара цхьаьнггара а кхаьънаш а ца эцна».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios