Ӏебархошка 11:32 - Делан Йозанаш32 Кхин хӀун эр дара ас? Хан тоьар яц суна ГадӀанах а, Баракхах а, Шамшонах а, Яптахьах а, Даудах а, Шамъалах а, пайхамарех а лаьцна дийца. Ver Capítulo |
Делахь, товрат-хьехамаш къилахь бу аьлла, жамӀ дийр ду вай? Дера дац! Амма суна къалатор хӀун ду хуур дацара, сайна товрат-хьехамаш ца бевзинехьара. ХӀунда аьлча кхечу стеган хӀума дезар суна девзар дацара, нагахь санна товрат-хьехамаша иштта бохуш дацахьара: «Кхечу стеган цхьа а хӀума шуна ма дезийла».
Везачу Элан Малик деара ГадӀан цӀе йолу цхьа стаг волчу. Малик, схьа а деана, Ӏапру йолчохь лаьтташ долчу ножан дитта кӀелахь охьахиира. И дитт, Абу-Ӏезаран тайпанах а волуш, Юаш цӀе йолчу цхьана стеган дара. Юаш ГадӀанан да вара. Цу хенахь ГадӀан кемсийн мутт схьадоккхуш йолчу меттехь кӀа цӀандеш вара, иза маданхойх къайладаккхархьама.
Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гӀайгӀане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дӀатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маӀа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гӀала гӀо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кӀенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина».