29 Тешар хиларна, лаьтта тӀехула санна, ЦӀечу хӀорда чухула дехьабевлира уьш. Изза дан гӀоьртина мисархой хи буха бахара.
Ахьа тхан дайшна хьалхахь Эрзийн хӀорд бекъа а бекъна дӀахӀоттийра, уьш декъачу лаьтта тӀехула чекхбовлийтархьама. Амма тхан мостагӀий кӀоргачу хӀорда чу кхиссира Ахьа, ткъа уьш, тӀулгаш санна, дерачу хи буха а бахара.
Веза Дела, хастамаш бойла Хьуна халкъаша. Хастамаш бойла Хьуна массо а халкъаша.
Ткъа тхо, Хьан халкъ, Хьан дежийлашкара уьстагӀий, массо а ханна Хьуна хастамаш беш хир ду, оха тӀаьхьенера тӀаьхьене а Хьан сийлалла дӀакхайкхор ю.
Амма Мусас халкъе элира: «Кхера а ца кхоьруш, дӀахӀиттий латта, Везачу Эло тахана шаьш кӀелхьардахар гур ду шуна. ХӀинца гуш болу мисархой кхин цкъа а гур бац шуна.
ХӀорда юккъерачу лаьтта тӀехула дӀабахара исраилхой. Пен а хилла лаьтташ, аьрру а, аьтту а агӀор хи дара царна.
Мусас шен куьг хӀорда тӀехула лаьцча, Ӏуьйре хуьлуш хи шен метте юхадеара. Мисархой хих бевдда боьлхура, амма Везачу Эло, хин буха а бахийтина, хӀаллакбира уьш.
Тхуна хезна, шу Мисар-махкара арадевлла догӀуш, Везачу Эло шуна хьалхара Эрзийн хӀордан хи дӀадаьккхина бохуш. Ткъа иштта Йорданал дехьа Ӏийначу эмархойн ши паччахь Сихьон а, ӀовгӀа а аша хӀаллаквинийла а хезна тхуна.