Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 11:23 - Делан Йозанаш

23 Тешар хиларна, Муса вича, цуьнан дас-нанас кхаа баттахь лечкъош лелийра иза, хӀунда аьлча царна гора бер хаза хилар. Паччахьан омранах кхера ца белира уьш.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 11:23
16 Referencias Cruzadas  

А хьа мел тӀедиллиначуьнга со хьежахь, юьхьӀаьржачу хӀуттур вац со.


Цо, стигалара гӀо а даийтина, со кӀелхьарвоккхур ву, со лаца гӀерташ берш юьхьӀаьржачу хӀиттор бу. Дала Шен безам а, бакъдерг а лур ду.


«Ӏебархойн зударийн бераш хуьлучу хенахь йоӀ дийна йита, кӀант ве!», – аьлла.


ТӀаккха пирӀуно дерриге а шен халкъе омра дира: «Дуьнен чу ваьлла Ӏебархойн кӀант Нил-хи чу кхосса, ткъа йоӀ дийна йита», – аьлла.


Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чӀагӀ а дийр ду, хьуна гӀо а дийр ду. Со хьуна гӀортор хилла дӀахӀуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца.


Ма кхера, гӀийла а, кӀезиг а долу Исраилан халкъ, Ас гӀо дийр ду хьуна, – боху Везачу Эло, хьо мах баларца ПаргӀатдоккхучо, Исраилан Везачу Дала. –


Везачу Эло боху: «Со-суо ву шун догъоьцуш Верг. Хьо хӀунда кхоьру лийр волчу стагах, буц санна телхачу адамийн кӀантах?


ЛадогӀа Соьга, бакъдерг девзаш дерш, Сан товрат-хьехам шайн дегнашкахь болу халкъ. Наха шайна кхиссарш ярх ма кхера, уьш шайх кхардарх а ма къахка.


Ткъа Даниал, паччахьо и омра чӀагӀдинийла шена хиъча, шен цӀа чу вахара. Цуьнан лакха тӀехь йолчу чоьнан кораш Ярушалаймехьа дӀадиллина дара. ХӀинццалц ша дийнахь кхузза ма-дарра, гора а хӀоьттина, шен Далла доӀанаш а дина, Цунна хастамаш бира Даниала.


Ма кхера шайн дегӀ ден йиш хиларх, шун са церан карахь дац. Ткъа кхералаш шайн дегӀ а, са а жоьжахатехь хӀаллакдан йиш Йолчунах.


Цу хенахь дуьнен чу Муса велира. Иза Далла хазахеташ вара. Хьалхарчу кхаа баттахь Муса шен ден хӀусамехь кхобуш вара.


Цундела вай майрра боху: «Веза Эла ву сан гӀоьнча, со хӀуманах а кхоьрур вац. ХӀун дийр дара суна стага?»


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios