19 ИбрахӀимна дагахь дара, Делан ницкъ бу велларг а денван аьлла – ткъа цо шен кӀант веллачуьра санна схьаийцира.
ДӀахьаьжначу ИбрахӀимна гира, коьллех маӀаш а тийсалуш, лаьтта ка. ТӀевахана, схьа а лаьцна, шен кӀентан метта Далла леринчу сагӀина и ка бийра цо.
Амма Аса боху шуьга: къематан дийнахь хӀора шаьш ойла а ца еш аьллачу дашна жоп дала дезар ду массеран а.
Ӏийса цӀа чу ваьлча, бӀаьрзенаш Цунна гергга тӀебаьхкира. Цо цаьрга элира: «Шу теший Аса шун бӀаьрса юхадоуьйтург хиларх?» Цара элира: «Теша, Веза Эла!»
Делахь а Адаман хенахь дуьйна Мусан хене кхаччалц дехаш долчу массо а адамашна тӀехь Ӏожалло шен олалла дора, Адама латийнарг санна долу къа цара ца латийнехь а. Цхьана агӀор хьаьжча, шел тӀаьхьа вогӀу Волчух тера вара Адам.
Ткъа Цунна, вайна чохь болх беш болчу ницкъаца вай мел доьхуш долчул а, я вайн дагахь мел долчул а дуккха а алсам далуш Волчунна,
ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг билггала долчу уггар а Дезачух тардеш адамийн куьйгаша динчу Делан цӀа чу ца вахана, ткъа стигала хьалаваьлла, хӀинца вайн дуьхьа Далла хьалха хӀотта.
И четар хӀинцалерчу заманан билгало ю: совгӀаташа а, сагӀанаша а Далла Ӏибадат дечун дог цӀандан ца тарло,