16 Амма уьш тоьллачу даймахке сатесна бу – стигаларчу даймахке. Цундела, наха Ша церан Дела ву аьлча, Далла эхь ца хета: Цо царна гӀала кечйина.
Цу буссехь дуьхьал хӀоьттинчу Везачу Эло цуьнга элира: «Со хьан ден ИбрахӀиман Дела ву. Цхьана а хӀуманах ма кхера, хӀунда аьлча Со хьоьца ву. Ас хьо декъалвийр ву, хьо дебош, хьан тӀаьхье дукха хуьлуьйтур ю. Сайн ялхочун ИбрахӀиман дуьхьа дийр ду Ас иза».
Стигалахь, цу лами тӀехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахӀиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХӀинца хьо тӀехь Ӏуьллу латта хьуна а, хьан тӀаьхьенна а лур ду Ас.
Кхин а элира Дала Мусага: «Иштта ала исраилхошка: „Везачу Эло, шун дайн Дала, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, ваийтина со шуна тӀе“. Иза ю Сан цӀе абадехь, цу цӀарца хьахор ву Со тӀейогӀучу тӀаьхьенаша.
Со хьан ден Дела ву, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела». Мусас шен юьхь дӀакъевлира, хӀунда аьлча иза кхоьрура Деле хьажа.
«Иштта ахь дахь, нах тешар бу Везачу Эло, церан дайн Дала, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, Ша хьуна гайтина аьлча», – элира Везачу Эло.
«Цу заманахь, – боху Везачу Эло, – Со Исраилан халкъан массо а тайпанийн Дела хир ву, ткъа уьш Сан къам хир ду».
Паччахьо Шена аьтту агӀор болчаьрга эр ду: „Сан Дас декъалдинарш, шу тӀедуьйла! Дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа шайна кечдина, Сан Олаллехь долу дахар дӀаэца. Иза шуна деш долу совгӀат ду,
Ткъа белларш денлург хиларх лаьцна ца дешна аш Муса-пайхамаран тептарш тӀехь, Дала цуьнга коканийн колл йогучу хенахь аьлларг: „Со ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“, – аьлла?
Амма хӀокху Делах тешар а доцуш, къинойх дуьзначу дуьнен чохь, нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Со а, Адамийн КӀант, дӀавоьрзур ву цу стагах, Сайн Ден олаллин нуьраца Делан маликашца схьавеача».
«Ма кхера, шу кӀезиг а, гӀийла а делахь а, шуна тӀехь Ӏу ву. Шун Ден, хазахетарца, шуна Олалла дала сацам хилла.
Ткъа белларш билггала денлург хилар Муса-пайхамаро гайтира коканийн колл йогучу хенахь. Мусас Везачу Элах „ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела“ аьлла.
Сан Ден цӀахь дуккха ю чоьнаш. Со шуна меттиг кечъян воьду. Иза иштта дацахьара, Ас и эр дацара шуьга.
„Со – хьан дайн Дела ву, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“. Муса кхеравелла вегош вара, бӀаьрганегӀар хьалаайа а ца ваьхьаш.
Ткъа вай стигалан дахархой ду. Вай КӀелхьардохург, Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса, оцу стигалшкара схьаваре хьоьжуш а ду вай.
Везачу Эло муьлххачу а зуламах со кӀелхьара а воккхур ву, Шен стигаларчу пачхьалкхе со дӀа а вуьгур ву. Хастам хуьлда Цунна массо а заманчохь. Амин.
Чубоьхкинчу нахах къахеташ а хилла шу, шайн долахь дерг дӀадаьккхича, хазахеташ а лелла шу, хӀунда аьлча шуна хаьара стигалахь дикаха а, цкъа а дӀаер йоцу а хазна шайн юйла.
Дела суртдиллархо а, гӀишлоярхо а волуш, ондачу бух тӀехь гӀала схьаяре хьоьжуш Ӏара ИбрахӀим.
Иштта шайх лаьцна бохучара шаьш чубогӀу болу мохк шаьш лоьхуш хилар гойту.
Дала вайна цхьа тоьлла хӀума билгалдаьккхинера, уьш вайца цхьаьна бен кхачаме ца хилийтархьама.
Амма шу тӀедахана Цийон-ламанна, дийначу Делан гӀала йолчу стигаларчу Ярушалаймана, эзарнаш маликийн
Кхузахь вайн гуттар а лаьтташ йолу гӀала яц, вай хин йолу гӀала лоьхуш ду.
Нах базбеш Верг а, базбеш берш а Цхьаннах схьабевлла бу, цундела Цунна эхь ца хета царах вежарий ала.
ТӀаккха суна гира Делан гӀала. Шен майрачунна кечдина долу нускалх тера йолу, Дела волчуьра стигалара охьайогӀу керла Ярушалайм-гӀала яра иза.