15 Нагахь церан дагахь шаьш дӀатесна даймохк хиллехьара, церан хан яра цига юхадерза.
ТӀаккха ТӀахьир, шеца шен кӀант Ибрам, шен кӀентан ХӀаронан кӀант ЛутӀа а, нус Сарет а (шен кӀентан Ибраман зуда), эцна, Хашад-махкара Ур-гӀалара КанаӀан-махка ваха аравелира. Амма ХӀаран-гӀала кхаьчча, цигахь севцира уьш.
ЧӀогӀа мацалла хӀоьттира цу махкахь, цундела Ибрам ваха Мисар-махка дӀавахара.
Сан махка, сан гергарчу нахана тӀе а гӀой, цигахь Исхьакхана зуда а лахий, иза а ялош схьавола».
дерриг а даьхни хьалха а лаьллина, Падан-Арамехь вовшахтоьхна бахам схьа а эцна, шен да Исхьакх волчу, КанаӀан-махка дӀаваха новкъа велира Якъуб.
Иштта шайх лаьцна бохучара шаьш чубогӀу болу мохк шаьш лоьхуш хилар гойту.