12 Цундела цхьа ког коша а бахана волчу стагах схьабевлла, стигалара седарчий а, хӀордан берда тӀера гӀум а санна, дукха нах.
Цул тӀаьхьа, Ибрам четар кӀелара ара а ваьккхина, элира Цо: «ДӀахьажал стигала, дагардел цигара седарчий, хьайга дагардалахь! Оццул дукха хир ю хьан тӀаьхье».
цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хӀордан берда тӀехь йолу гӀум санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагӀийн гӀаланаш схьайохур ю.
Хьан тӀаьхье дебор ю Ас, стигалара седарчий санна. Хьуна а, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас дерриге а хӀара латтанаш. Хьан тӀаьхьенехула дуьнен чуьра массо а халкъаш декъала хир ду.
Ахь аьлла ма ду: „Ас хьан аьтто бийр бу, хӀордан гӀум санна, ягар ца яллал тӀаьхье а кхиор ю“».
Цундела аса хьехар до хьуна: дерриг а Исраилан халкъ Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц хьо волчу схьагулдалийта. Адам, хӀордан йистера гӀум санна, дукха хир ду. ТӀаккха ахьа, хьо хьалха а ваьлла, уьш тӀамтӀе бига беза.
ЯхӀуд-махкахь а, Исраил-махкахь а, хӀордан йистера гӀум санна, алсамдаьлла дебнера халкъ. И адамаш юуш, молуш, самукъадолуш дара.
Ткъа шо а, ткъа шарал лахара а хан ерш Дауда дӀа ца язбира, хӀунда аьлча Везачу Эло Ша, стигалара седарчий санна, Исраилан халкъ алсамдоккхур ду аьлла, ваӀда динера.
Церан тӀаьхье Ахь, стигалара седарчий санна, дебийра. Церан дайшна Айхьа, шерет дина, латта лур ду элира, ткъа уьш оцу лаьтта тӀе схьабалийра Ахь.
Дагабахкийтахьа ИбрахӀим а, Исхьакх а, Исраил а. Хьайх чӀагӀо а еш, Ахь цаьрга элира: „Стигалара седарчий санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Айса шуна чӀагӀо йина хӀара латта шун тӀаьхьенашна дӀа а лур ду, иза гуттар а церан долахь хир ду“».
ХӀордан гӀум санна, дукха нах хьан хиллехь а, Исраил, царах бисинарш бен Далла тӀе боьрзур бац. Халкъ хӀаллакдан сацам бина, нийса таӀзар къомана тӀехдер ду.
Хьан тӀаьхье хир яра гӀум санна дукха, хьох схьабевлларш – гӀамаран буьртигаш санна. Церан цӀе цкъа а йовр яцара, Суна хьалха уьш дӀахедар бацара».
Стигалахь долу седарчий санна, хӀордан берда тӀехь йолу гӀум санна, ягар ца яллал дукха тӀаьхье лур ю Ас Сан ялхо волчу Даудана а, Суна гӀуллакх деш болчу левихошна а“».
Амма хинйолчу заманахь исраилхой, бусталур боцуш а, багарбалур боцуш а, хӀордан гӀум санна, шортта хир бу. „Шу сан халкъ дац“ – баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кӀентий ду“, – бохур ду цаьрга.
Мехкашна чу а гӀерташ, церан эскарш ницкъ бан Ӏалашо йолуш ду, малхбалера мох санна йолу церан къизалла тобанел а хьалхаяьлла йогӀу. Цара йийсархой дӀалоцу, гӀум санна.
Ткъа ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро исраилхойх лаьцна иштта боху: «ХӀордан гӀум санна, дукха исраилхой хиллехь а, царах жима дакъа бен кӀелхьардер дац.
Шайн Везачу Дала шу дебийтина, хӀинца шу, стигалара седарчий санна, дукха ду.
Стигалара седарчий санна, шу дукха хиллехь а, кӀеззиг бен дуьсур дац шу, хӀунда аьлча шайн Везачу Деле ла ца дуьйгӀи аш.
И паччахьаш а, церан эскарш а тӀамана арадевлира. ХӀордан берда тӀера гӀум санна, дукха бара уьш. Говраш а, гӀудалкхаш а яра цаьргахь ягар ца яллал дукха.
Уьш дуьне мел ду дӀадахара. Делан долахь болчеран меттаматтана го бира цара – иза Далла езна йолу гӀала ю.
Маданхой а, Ӏамалекхахой а, кхиболу малхбалерчу мехкашкара бахархой а аренгахь Ӏаш бара. Уьш, цӀоз санна, дукха бара. Церан эмкалш а, хӀордан йистехь йолу гӀум санна, ягарлур йоцуш дукха яра.
Шамъала цаьрга элира: «Везачу Элана а, Цо къобалвинчунна а хезаш ду тахана аша со бахьана долуш дина долу тоьшалла. Царна гуш ду соьгара къилахь долу хӀума ца даьллийла». «Веза Эла теш ву», – элира цара.