Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 11:11 - Делан Йозанаш

11 Тешар хиларна, шен зуда Сарат доьзалхо хуьлуш яцахь а, ша ханна воккха воллушехь, да хиларан хьуьнар тӀеийцира ИбрахӀима, хӀунда аьлча цунна хаьара, Дала Ша аьлларг кхочушдойла.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 11:11
10 Referencias Cruzadas  

Амма и зуда берах хилира. ТӀедеанчу шеран ЭлишаӀа цуьнга аьллачу хенахь цу зудчун кӀант хилира.


Хьан гергара йолчу Элисата а кӀант вийр ву, ша ханна йоккха елахь а. Цунах, иза доьзалхо хуьлуш яц бохуш, дуьйцура, ткъа иза ялхалгӀа бутт бу доьзалхочух йолу.


И бохург хӀара ду: ИбрахӀиман дегӀах а, хотӀах а схьадевлларш дерриш а дац Делан бераш, Дала динчу ваӀданца схьабевлларш бен.


ГӀарбаш йолчо винарг массо бераш ма-хиллара вина ву. Ткъа ша паргӀат йолчо винарг Дала чӀагӀо еш аьллачуьнца вина ву.


Ваьш сатуьйсург чӀогӀа лардан деза вай, хӀунда аьлча ваӀда Динарг тешаме ву.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios