Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 11:10 - Делан Йозанаш

10 Дела суртдиллархо а, гӀишлоярхо а волуш, ондачу бух тӀехь гӀала схьаяре хьоьжуш Ӏара ИбрахӀим.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 11:10
11 Referencias Cruzadas  

ПӀелаштамхоша бахкийтинчу геланчашка хӀун эр ду? Оха эр ду: „Везачу Эло Цийон-гӀала чӀагӀйина дӀахӀоттийна, ткъа цу чохь Цуьнан халкъана юкъара гӀело хьегначарна дӀалечкъийла карор ю“».


Сан Ден цӀахь дуккха ю чоьнаш. Со шуна меттиг кечъян воьду. Иза иштта дацахьара, Ас и эр дацара шуьга.


Иштта, вайна хаьа, кху лаьттахь вайн четар санна долу хӀара догӀмаш хӀаллакьхилча, Дала луш долу стигалшкара цӀа вайн хилар. Иза куьйга дина а доцуш, гуттара а хин долу цӀа ду.


Ткъа вай стигалан дахархой ду. Вай КӀелхьардохург, Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса, оцу стигалшкара схьаваре хьоьжуш а ду вай.


Амма уьш тоьллачу даймахке сатесна бу – стигаларчу даймахке. Цундела, наха Ша церан Дела ву аьлча, Далла эхь ца хета: Цо царна гӀала кечйина.


Амма шу тӀедахана Цийон-ламанна, дийначу Делан гӀала йолчу стигаларчу Ярушалаймана, эзарнаш маликийн


Цундела вай, егалур йоцу пачхьалкх тӀеоьцу ерш, Далла баркалла олуш хила деза. Баркалла а долуш, Цунна товш йолчу кепара Далла Ӏамал ян еза вай, ларамах дуьзна а, кхоьруш а долуш,


Кхузахь вайн гуттар а лаьтташ йолу гӀала яц, вай хин йолу гӀала лоьхуш ду.


ХӀунда аьлча муьлхха а цӀа цхьаммо деш ду, ткъа дерриг а динарг Дела ву.


ТӀаккха суна гира Делан гӀала. Шен майрачунна кечдина долу нускалх тера йолу, Дела волчуьра стигалара охьайогӀу керла Ярушалайм-гӀала яра иза.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios