7 ТӀаккха Ас элира: „Хьажахьа, со кийча ву, товрат-хьехамийн тептар тӀехь суна лерина яздина ду. Хьан лаам кхочушбан вогӀу Со, Дела“».
ХӀинца дуьйна, хьуна а, зудчунна а юкъахь а, хьан тӀаьхьенна а, цуьнан тӀаьхьенна а юкъахь а мостагӀалла хир ду. Зудчун тӀаьхьено хьан коьртах чов йийр ю, ткъа ахьа цуьнан когах чов йийр ю».
Мадай-махкахь лаьттачу Ахьмати-гӀалин паччахьан цӀа чохь карийра цхьа тептар. Цу тептар тӀехь яздина хилла: «Диц ца далийта:
Цо кхоьллинчу дуьненах доккхадеш дара со, иштта Цо кхоьллина адамаш бахьана долуш а со доккхадеш дара.
Хьалдолчу Эло Сан лергаш схьадиллина, ткъа Со аьрха а вацара, я Со юха а ца велира.
«Хьарчийна тептар схьа а эций, Исраилан къомах а, ЯхӀудан къомах а, массо а кхечу къаьмнех а лаьцна Аса хьоьга мел дийцинарг дӀаязде. Юши-ЯхӀу паччахьаллехь волуш Со хьоьга дуьххьара вистхиллачу хенахь дуьйна хӀара де тӀекхаччалц Аса хьайга бина хаамаш дӀаязбе.
ТӀаккха суна сайга схьакховдийна долу куьг гира, цу куьйгахь хьарчийна тептар дара.
Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьайна хьалхара гуш дерг дӀадаа, дӀадаа и хьарчийна тептар. Цул тӀаьхьа, ваха а гӀой, Исраилан халкъе вистхила».
Ӏийсас элира цаьрга: «Сан кхача бу Со Ваийтинчун лаам кхочушбар а, Цуьнан гӀуллакх чекхдаккхар а.
Айса-Сайгара хӀумма а дан йиш яц Сан. Аса, Сайна ма-хаззара, кхел йо, и Сан кхел бакъ а ю. ХӀунда аьлча Аса Сайн лаам ца лоьху, амма Со Ваийтинчу Ден лаам кхочушбо».
ХӀунда аьлча стигалшкара схьа Сайн лаам кхочушбан веана вац Со, ткъа Со Ваийтинчун лаам кхочуш бан веана ву.