Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 10:38 - Делан Йозанаш

38 Амма Аса бакъвинарг Сох тешарца вехар ву, ткъа иза юхавалахь, Со цунна реза хир вац».

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 10:38
24 Referencias Cruzadas  

Везачу Эло сайна гайтина некъаш аса лар а дора, сайн Делера дӀа ца верзалуш, со Ӏеса ца лелара.


ХӀунда аьлча Везачу Эло Шен халкъах дезар оьцу. Мискачеран Цо сийдо уьш кӀелхьарбахарца.


Ӏуьйранна Хьуна хьалха сайн дехарш охьадохку ас, Хьоьгара сайна жоп даре са а туьйсуш.


Деланашна юкъахь Хьо саннарг вац, Хьалдолу Эла, Хьайнаш санна гӀуллакхаш а дац.


«ХӀара Сан Ялхо ву, Ас чӀагӀвеш волу. Иза Ас хаьржина ву, Цунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Цунна тӀе, Цо халкъашна нийсо схьайоккхур ю.


Амма нагахь санна бакъахьа лелаш верг ша дӀахьочу некъа тӀера валахь, иза вонаш дан волалахь, зуламхочо ма-леллора, вехар вуй ткъа иза? Цо мел дина дика лорур дац. Суна тешаме ца хиларна а, ша къинош леторна а, и стаг лийр ву.


Нагахь санна бакъахьа леларг, шен нийсачу некъа тӀера а ваьлла, харцдерг лело волалахь, Аса цунна новкъарло а йийр ю, иза лийр а ву. Иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ахьа цуьнга дӀахьедар ца дина дела. Цо дина бакъахьара гӀуллакхаш Суна дагадогӀур дац, ткъа цуьнан цӀийх Ас хьоьга жоп доьхур ду.


Нагахь Аса бакъахьа лелачу стаге иза вехар ву алахь, амма цо, ша хьалха дина дикачу гӀуллакхашка а хьоьжуш, зулам дахь, Суна дагадогӀур дац цо хьалха мел дина дика гӀуллакхаш. Иза лийр ву, ша тӀаьхьа дина долу зулам бахьана долуш.


Хаам хӀара бу: „Лакхара хьоьжучух лаьцна аьлча, цунна чохь догцӀеналла яц. Ткъа Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву.


Веза Эла волчу Суна тӀаьхьахӀиттинчуьра дӀабирзинарш а, иштта Со ца лоьхуш а, Сох дага ца бовлуш леларш а хӀаллакбийр бу Ас».


Цул гӀолехь хир дара, сагӀа доккхучу Сан кхерчана тӀехь эрна цӀе ца латторхьама, шух цхьаммо Сан цӀийнан неӀарш дӀакъевлинехь. Сан безам бац шуьга, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – шун куьйгаша деанарг Суна тамехь хир дац.


«ХӀара Сан Ялхо ву, Ас хаьржина волу. Кхунна Со реза ву, Кхунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Кхунна тӀе, Кхо халкъашна нийсо дӀакхайкхор ю!


Амма шен хила ма-беззара орам боцу дела, иза кӀеззигчу ханна бен ца лаьтта. Дош бахьана долуш хало тӀехӀоьттича, иштта волу стаг сихха юьстах волу.


Оцу хазачу кхоо гойту, адамаш Дала бакъ муха до. И бакъдар, юьххьера дуьйна чаккхенга кхаччалц, тешарехула ду. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Делах тешарца бакъвинарг Далла уллохь вехар ву».


Ткъа товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарца Далла хьалха цхьа а бакъвийр воцийла вайна хууш ду, хӀунда аьлча: «Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву».


Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Ӏийса а, пайхамарш а яхӀудхоша байинера. Тхо а дӀалаьхкинера цара. Делан лаамехь бац уьш, массо а адамна мостагӀий хилла царах.


Юха а девлла, хӀаллакьхуьлучарах дац вай, тешарца кӀелхьардохучарах ду.


Аша, кхел а йина, бехк боцурш байира. Цаьрга шуна дуьхьало ца яло.


И дуьхьал берш, цкъа вайн гуламна юкъахь а хилла, хӀинца вайна юкъара дӀабевлла. Бакъдерг аьлча, уьш цкъа а бацара вайна юкъабогӀуш. Нагахь уьш билггал вайна юкъара хиллехьара, уьш вайца буьсур бара. Амма уьш вайна юкъара дӀабовларо гойту, царах цхьа а билггал вайна юкъавогӀуш ца хилар.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios