Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 10:32 - Делан Йозанаш

32 Дагадахкийта шайн хьалхалера денош, Дала шуна серло еллачул тӀаьхьа, шу, чӀогӀа баланаш а лайна, чекхдевлира.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 10:32
18 Referencias Cruzadas  

Церан бӀаьргаш схьадиллина, боданера серлоне а баьхна, иблисан олаллина тӀера Далла тӀеберзор бу ахь уьш, царна гечдар хилийтархьама а, Сох болу тешам бахьана долуш, Делан базбинчу нахана юкъахь церан меттиг хилархьама а“».


Хазахетарца сатийсалаш. Халонаш собарца ловш хилалаш. Даим а доӀанаш делаш.


ХӀунда аьлча: «Боданера серло схьакхетал!» – аьлла волчу Дала тхан дегнаш серладаьхна, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсан юьхь тӀехь лепаш йолчу Делан сийлаллех болчу кхетаман серло вайн хилийтархьама.


Вуьшта, хӀинца ваьшна девзина долчуьнца кхидӀа а даха деза вай.


Суна шуьга дӀахаийта лаьа, мел чӀогӀа къахьоьгу аса Лаудикехь дехачу шун дуьхьа а, юьхь-дуьхьал со шайна гина а боцучу массеран дуьхьа а.


Къинна дуьхьал а девлла, цӀий Ӏаннол чӀогӀа латар ца хилла шун хӀинца а.


ХӀинцале а хьехамчаш хила дезаш дара шу, амма шуна юха а Ӏамо безаш бу Делан дешан дуьххьарлера хьехамаш. Шуна хӀинца а шура оьшу, чӀогӀачу кхачанан метта.


ХӀунда аьлча нийса доцург дац Делехь. Цунна дицлур дац шун гӀуллакхаш а, аша Цуьнан нахана тохара а, хӀинца а гӀодарца Цуьнга гайтина болу безам а.


Йиш яц цкъа хазачу кхоан серло шайна тӀе кхеттарш, стигаларчу совгӀатан чам хиънарш, Делан Синан зовкх хьоьгуш дакъалаьцнарш,


Къа а хьегна, вай даьккхинарг, аша дайа а ца дойуш, цунах юьззина ял шайна схьаэца хьовсалаш.


Иштта, шаьш мичара охьаэгна дага а даийтий, метта а дуьйлий, шаьш юьхьанца лелийна долу гӀуллакхаш леладе. Нагахь шаьш далийтинчу къинойх шу дӀа ца дерзахь, шу долчу а веана, Ас меттахбоккхур бу шун стогар.


Шаьш тӀеэцна болу а, шайна хезна болу а хьехамаш дагахь латтабе! Уьш лар а бе, шайн къиношна дохко а довлий, Далла тӀе а дерза. Нагахь шу сама ца довлахь, къу санна, шуна ца моьттучу хенахь вогӀур ву Со.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios