30 Вайна хаьа, хӀара дешнаш Хьан аьлла: «Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду». Кхин а: «Везачу Эло Шен халкъана кхел йийр ю».
Баркалла ала Исраилан халкъ цу юккъехула Чекхдаьккхинчунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
Хино дӀайоху модаш санна, дӀаяхахьа сан харцонаш, сан къинойх цӀанвехьа со.
Схьадуьйла, Везачу Элана хастам бер вай, вайн кӀелхьардовларан Тархе даккхийдерца кхойкхур вай.
Вазвейша вайн Веза Дела! Ӏибадат дейша Цуьнан безачу лома тӀехь, хӀунда аьлча веза ву вайн Веза Дела.
Цо Шена тӀе, гӀагӀ санна, бакъдерг диллира, Шен коьрта тӀе кӀелхьардаккхаран гӀем а тиллира, бекхаман оба, бедар санна, тӀеоьллира, дог иракарахӀотторца Шен дегӀ хьулдира.
Везачу Эло диканца леладо шо а, вайн Делан бекхаман де а кхайкхо, гӀайгӀанехь мел болчеран догъэца,
Бекхаман де Сан даг чохь дара, Ас чӀир екхаран шо тӀекхаьчна.
Цундела Ас кхел йийр ю шуна, исраилхой. Ас хӀора стагана, цуьнан леларе хьаьжжина, кхел йийр ю. – Иштта элира Хьалдолчу Эло. – Цундела, Со волчу юха а дерзий, шаьш мел лелош йолчу харцонашна тӀера дӀадовла! Къа бахьана долуш шаьш гал ма дийлийта.
«Аса хьуна, Сан жа, – боху Хьалдолчу Эло, – цхьана уьстагӀний, вукху уьстагӀний, иштта, коьмана а, божана а юкъахь еш, кхел йийр ю.
Бекхам а ма бе, оьгӀазалла а ма латтае хьайн халкъах болчу нахе. Хьайн уллораниг хьо санна веза. Со Веза Эла ву.
Веза Эла – эмгаралла йолу Дела а, бекхамхо а ву. Бекхам бийриг а, дераллах вуьзнарг а ву Иза. Шена дуьхьалболчарна бекхам а бо Цо, мостагӀашна дуьхьал моха а латтайо Цо.
Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гӀерталаш, ткъа иза Делан кара дӀалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду“, – боху Везачу Эло».
Урхалчаш Далла гӀуллакх деш ма бу. Уьш хьуна дика дан къахьоьгуш бу. Нагахь санна хьо зулам доккхуш велахь, кхералахь. ХӀунда аьлча цара эрна лелош дац тур: уьш Делан гӀоьнчий бу, зулам дечарна догӀу таӀзар цаьргахула деш ву Дела.
ХӀунда аьлча вай дерриш а Дала леррина Къобалвинчун кхелана хьалха дӀахӀитта дезаш ду. Вайх хӀораммо а ваьш кху дегӀа чохь дехачу хенахь динчуьнга хьаьжжина, дика я вон и делахь, доггӀург схьаоьцур ду.
Ткъа хӀинца, сан олахо, дийна волчу Везачу Элах а, хьох а чӀагӀо йо ас, Везачу Эло хьоьга цӀий Ӏана ца дайтина а, бекхам ца байтина а хиларна, хьан мостагӀий а, хьуна дуьхьал мостагӀалла лелош берш а Набал санна хилла дӀахӀуьттийла!
Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас, Цо Ша цунна бекхам бийр бу. Иза лийр волу де тӀекхочур ду, я, тӀам тӀе а вахана, цигахь лийр ву иза.