Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 10:29 - Делан Йозанаш

29 Ойла ел, мел чӀогӀа таӀзар дийр ду Делан КӀант емалвинчунна, Делаца бина барт чӀагӀбина а, ша вазвина а долчу цӀийн дозалла ца лериначунна, маьхза дика луш долу Делан Са сийсаздинчунна?

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 10:29
40 Referencias Cruzadas  

ЯхӀус элира: «Корах аратаса иза». Изабал аратесира. Пенна тӀе а, говраш тӀе а деттаделира цуьнан цӀийн тӀадамаш. Изабалан дегӀа тӀехула шен гӀудалкх яьккхира ЯхӀус.


паччахьашна толам лучу Хьуна, Хьайн лай Дауд дерачу туьрах кӀелхьарвоккхучу Хьуна.


Делан лаамехь берш, хурма-дитт санна, заза даьккхина хуьлу, Ливанун-махкара баган-дитт санна, уьш хьала а кхуьу.


Кедаш чуьра цӀий нахана тӀе хьаьрсира Мусас. «ХӀара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цӀий ду», – элира цо.


Амма хьан къубба яц, пайденна доцу га санна, аракхоьссина ву хьо. Хьо байинчеран декъех кхелина ву, туьро Ӏоьттинчарна а, Ӏинан тӀулгашка охьадиссинчарна а юкъахь Ӏуьллуш ву хьо. Ткъа хьан дакъа хьоьшуш ду.


Когашца хьоьшуш хир ду бехначу эпраймхойн кураллин кочар.


Амма цара, дуьхьал а бевлла, халахетар дира Цуьнан Дезачу Синна. Цундела Цунах церан мостагӀа хилира: Иза Ша цаьрца тӀом беш дара.


«Суна хьо вевзаш вара, ненан кийрахь Айса хьо кхоллале а, Аса хьо дӀакъастийнера, хьо дуьнен чу валале а. Ас хьо къаьмнашна пайхамар хила дӀахӀоттийра».


П Ӏелг Шен меттахбаккхарца дӀатеси Хьалдолчу Эло Суна чохь карийна мел болу сан нуьцкъала тӀемалой. ТӀаккха суна дуьхьал Цо эскарш дӀахӀиттий, Цаьрга хӀаллакбайтархьама сан къона тӀемалой. Мутт доккхучу гӀирсо санна, Цо дӀахьаьши яхӀудхойн йоӀ йолу и Ярушалайм-гӀала.


ТӀаккха, тӀехволучу хенахь Суна гира хьо, хьайн цӀийш юкъахь керчачу хенахь. Хьо иштта Ӏуьллуш гича, Ас элира хьоьга: ‹Яха хьайна!› ХӀаъ, хьо цӀийш юкъахь Ӏуьллуш гича, Ас элира: ‹Яха хьайна!›


Суна хезира цхьа малик цхьаьнга дистхуьлуш: «Мел яхлур ю те хӀора дийнахь доккхучу сагӀанах а, Далла вас еш долу къилахь хӀуманаш лелорах а, Делан цӀа а, Делан эскар а когашца хьешарх а лаьцна дуьхьалхӀуттучу суьртехь юьйцу зама?»


Сан мостагӀчунна а гур ду иза. «Мичахь ву хьан Веза Дела?» – соьга баьхна волу иза юьхьӀаьржачу хӀуттур ву. Сан бӀаьргаш Ӏебар бу, урамашкара хатт санна, иза хьоьшуш гича.


Ткъа Даудан цӀенна а, Ярушалайм-гӀалин бахархошна а къинхетаман а, гечдаран доӀанийн са шортта тӀеӀанор ду Ас. ТӀаккха хьовсур уьш шаьш гоьмукъ чекхбаьккхина волчу Соьга. Цара цунах лаьцна белхарш дийр ду, цхьаъ бен доцучу берана тӀера санна, уьш гӀайгӀане хир бу дуьххьарлерчу доьзалхочунна гӀайгӀане хиларе терра.


иза Сан цӀий ду шуна, Делаца бина барт чӀагӀбеш долу, дуккха а нах къинойх цӀанбархьама Ӏенар долу!


Далла гергахь еза йолу хӀума жӀаьлеш дӀа ма луо, уьш, юха а дирзина, шух летар ду. ЖовхӀарш хьакхарчашна хьалха а ма кхисса, цаьрга уьш ца хьешийта».


Цуьнан цхьаболчу мурдаша, куьйгаш цӀандар а доцуш, хӀума юуш гира царна. Ткъа Далла гергахь иза боьха лорура цара.


Адамийн КӀантана дуьхьал дош а аьлла, дохковаьллачунна гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац.


тӀаккха хӀинца а эр ду те аша, оцу стигаларчу Дас къобалвина кху дуьнен чу Ваийтинчуьнга: „Ахь Ӏеса къамел до“, – Ас шайга: „Со Делан КӀант ву“, – аларна?


Аса церан дуьхьа Со дӀало Хьан дола, уьш а бакъдолчуьнца Хьан дола бахийтархьама.


Дегнаш а, лергаш а хедоза аьрха нах ду шу! Гуттар а Делан Синна дуьхьал ду шу! Шайн дай ма-хиллара шу а ду.


СинпаргӀато луш волчу Дала кестта иблис шун когашна кӀелахь хьоьшуьйтур ду. Вайн Веза Эла волчу Ӏийсагара долу дика шуьца хуьлийла! Амин.


Цундела нагахь цхьаммо хӀара бепиг даар а, Везачу Элан кад малар а лело хьакъ ма-дарра ца леладахь, иза Везачу Элан дегӀана а, Цуьнан цӀийна а дуьхьал къа латорна бехке хир ву.


ХӀунда аьлча нагахь санна цхьаммо, Дала леррина Къобалвинчун дегӀ а ца лоруш, юуш а, молуш а елахь, иза шена кхелана юуш а, молуш а ву.


ХӀунда аьлча Цо паччахьалла дан дезар ду, Дала леррина Къобалвинчун массо а мостагӀий Дала Цуьнан когашка охьабахккалц.


ХӀунда аьлча, Делан Йозанаша ма-бохху, «Цо массо а хӀума Цуьнан когашка охьадиллина». Ткъа вай-м кхета «массо а хӀума» Цуьнан когашка охьадиллина бохург, Дела воцург, массо а хӀума дуйла.


Цу тайппана бара шух цхьаберш а. Амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан цӀарца а, вайн Делан Синца а шу цӀан а дина, даз а дина, бакъ а дина.


Делан Дезачу Синна хала ма хетийта. Дала шуна тӀе тоьхна мухӀар ма ду Иза, паргӀатдахаран денна тӀекхаччалц.


Цо иза дина, Делан дашехула динан ерриге а тоба, хи чохь цӀан а йина, иза язъярхьама а,


Оцу лаамца даздина ду вай, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дегӀ цкъа гуттаренна а сагӀина даларна.


Хьовсалаш, къамел Дечуьнгахьара дӀа ма дерзалаш. Нагахь, Лаьтта тӀехь къамел дечуьнга ла а доьгӀна, уьш а кӀелхьара ца бевллехь, вай муххале а кӀелхьардевр дац, стигалара къамел Дечуьнгахьара дӀадерзахь.


Шен цӀийца гуттар а болу барт чӀагӀбина волу вайн Веза Эла Ӏийса, уьстагӀийн сийлахь Ӏу, веллачуьра денвинчу, синтем болчу Дала,


Нах базбеш Верг а, базбеш берш а Цхьаннах схьабевлла бу, цундела Цунна эхь ца хета царах вежарий ала.


таӀзарх муха девр ду вай, оццул сийлахьчу кӀелхьардовларх ца дашахь? И кӀелхьардовлар цкъа хьалха Везачу Эло дӀакхайкхийра, цул тӀаьхьа Иза хезнаболчара иза бакъ хилар вайна чӀагӀдира.


Стигалшка хьала а ваьлла, Дела волчохь волу динан сийлахь коьрта Да, Делан КӀант Ӏийса ву вайн, цундела ваьш лелочу динехь леррина лелийла вай.


Йиш яц цкъа хазачу кхоан серло шайна тӀе кхеттарш, стигаларчу совгӀатан чам хиънарш, Делан Синан зовкх хьоьгуш дакъалаьцнарш,


тешарх дӀа а къаьстина, юха а Далла тӀеберзо. Уьш дохкобовларан некъа тӀе цхьаьнгге а ба̄халур бац, хӀунда аьлча цара юха а жӀарах дӀатуху Делан КӀант, массарна а хьалха Иза сийсаз а воккхуш.


Нагахь эсийн а, гезарийн а цӀийно а, дагийначу шинарин чимо а, шайна уьш тӀетоьхча, товрат-хьехамаша ма-бохху, бехбинарш цӀанбеш хилча,


Цо элира: «Дала кхочушбе аьллачу бертан цӀий ду хӀара».


билггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а. Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цӀийца вай кӀелхьара а даьхна,


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios