28 Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш талхийнарг къинхетам боцуш вуьш ву, нагахь шиъ я кхоъ теш велахь.
ТӀаккха Дауда Натига элира: «Везачу Элана хьалха аса къа латийна». Натас Даудана жоп делира: «Везачу Эло ахьа латийначу къиношна гечдо хьуна. Хьо лийр вац.
Хьо Везачу Элах хӀинца ца вешира, Цо ца магийна долу зе а дина? Ахьа хьетахо волчу УръяхӀуна тур а туьйхи, цуьнан зуда хьайна схьа а ялий, ткъа иза Ӏамминхойн карах вала а валийти.
Ткъа и гаьннаш дакъаделча, уьш кегдийр ду. Зударша, схьа а баьхкина, дагор ду уьш. И халкъ цхьана а хӀуманах ца кхетарна, иза Диначо къинхетам бийр бац цунах, иза Кхоьллинчунна цунах къахетар дац.
Кхабанаш санна, вовшахтухур бу Аса уьш – кӀентий шайн дайшца цхьаьна, – боху Везачу Эло. – Сайн къинхетамалле а, я къахетаре а, я кхооре а уьш хӀаллак ца беш, Со сацавойтур вац Аса’“».
Меттамотт болчуьра ара а ваьккхина, дерриге а халкъо цунна тӀе тӀулгаш кхиссира, Везачу Эло Мусага ма-аллара, тӀаккха иза велира.
Амма цо хьоьга ла ца догӀахь, хьайца цхьаъ я шиъ стаг валаве, хӀунда аьлча Йозанаша ма-бохху: „ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула чӀагӀдийр ду“.
Шун товрат-хьехамна тӀехь а яздина ду, шина стага дина тоьшалла бакъ ду аьлла.
ХӀунда аьлча Муса-пайхамаре Дала иштта боху: «Сайна къинхетам бан луучух Ас къинхетам а бийр бу, Сайна къахета луучух Суна къа а хетар ду».
Со кхозлагӀа а вогӀу шу долчу. Делан Йозанаша боху: «ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чӀагӀдийр дац».
Шун бӀаьргашна къа ма хетийла цунах. Бехк боцучу стеган цӀий Ӏанор дӀадаккха исраилхошна юкъара, шуна дика хилийтархьама».
Нагахь санна муьлхха а къа латорна тӀехь я зулам дарна тӀехь стаг бехкевеш велахь, цхьа теш хилар ца тоьу. ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чӀагӀдийр дац
Хьовсалаш, къамел Дечуьнгахьара дӀа ма дерзалаш. Нагахь, Лаьтта тӀехь къамел дечуьнга ла а доьгӀна, уьш а кӀелхьара ца бевллехь, вай муххале а кӀелхьардевр дац, стигалара къамел Дечуьнгахьара дӀадерзахь.
Нагахь маликашкахула аьлла дош чӀогӀа а хилча, муьлххачу зуламна а, лацадогӀарна а таӀзар деш а хилча,
ХӀунда аьлча къинхетам боцу кхел хир ю шегара къинхетам ца гайтинчунна. Къинхетам кхелал а лакхара бу.