Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 10:23 - Делан Йозанаш

23 Ваьш сатуьйсург чӀогӀа лардан деза вай, хӀунда аьлча ваӀда Динарг тешаме ву.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 10:23
16 Referencias Cruzadas  

Даудан назма. Веза Эла – сан серло а ю, сан кӀелхьарвалар а ду. Со хьанах кхоьрур ву? Веза Эла – сан дахаран дӀалечкъийла ю. Со хьан Ӏадор ву?


З овкх-яӀ, хӀора Ӏуьйранна карладуьйлу уьш, Хьан тешаме хилар а мел кӀоргге ду!


Шен КӀантаца, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца, уьйр хила шу тӀекхайкхина волу Дела тешаме ву.


Шуна тӀедеана долу зер массо а адамна тӀехӀуттуш дерг бен дац. Ткъа Дела тешаме ву, аша ловр доцург лур дац Цо шуна. Амма шу зуьйш долчу хенахь, тӀехӀотта онда бух лур бу Цо шуна, иза лан шун ницкъ хилийтархьама.


Оцу шун гӀуллакхо шух до тоьшалла бахьана долуш, Далла хастамаш бийр бу, нахана хьалха шу тешна болчу Дала леррина Къобалвинчун хазачу кхоана шу муьтӀахь хиларна а, шайн долахь дерг цаьрца а, кхиболчу массаьрца а комаьршаллица доькъуш шу хиларна а.


ТӀекхойкхург тешаме ву. Цо кхочушдийр ду хӀара.


Амма тешаме ву Веза Эла. Цо чӀагӀ а дийр ду шу, мекара волчух лар а дийр ду.


И кхочушдарца Дела волчохь хедар доцучу дахаре сатийсар ло. Цкъа а харц воцучу Дала заманаш йолаялале дуьйна а хьалха вайна и дахар лур ду аьллера.


Тешар хиларна, шен зуда Сарат доьзалхо хуьлуш яцахь а, ша ханна воккха воллушехь, да хиларан хьуьнар тӀеийцира ИбрахӀима, хӀунда аьлча цунна хаьара, Дала Ша аьлларг кхочушдойла.


Иштта, вежарий, шу Делан долахь дерш а, стигалахь долчун дакъа кхочурш а ду. Цундела Делан Векал а, вайн динан коьрта Да а волу Ӏийса дагахь латтавелаш.


Дала леррина Къобалвинчун декъахой ду вай, нагахь юьхьанца хилла долу шеко йоцуш хилар чекхдовллалц вайца хилахь.


Амма Дала леррина Къобалвинарг Делан цӀентӀехь куьйгалла деш волу тешаме КӀант ву. Ткъа Цуьнан цӀа вай ду, нагахь вай доьналлица а, тешарца а ваьш сатуьйсучунна тӀехь латтахь.


Стигалшка хьала а ваьлла, Дела волчохь волу динан сийлахь коьрта Да, Делан КӀант Ӏийса ву вайн, цундела ваьш лелочу динехь леррина лелийла вай.


Дала ваӀда а дина, Цо дуй а биъна. И ши хӀума хийцалур доцуш ду, Дала харцдерг дийца йиш йоцу дела. Цундела Дела волчу девдда дӀадахана долу вай чӀогӀа иракарахӀиттийна ду, Дала вайна еллачу дегайовхонна тӀехь латтархьама.


Амма иза тешарца а, шеко йоцуш а деха деза, хӀунда аьлча шеко йолуш верг мохо ловзочу тулгӀенах тера ву.


Кестта вогӀур ву Со. Шайн долуш дерг ларделаш, цхьаьнгге а шайгара толам баккхаран таж дӀа ца даккхийта.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios