Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 10:20 - Делан Йозанаш

20 Ӏийсас, Шен дегӀ сагӀина дӀадаларца, керла некъ схьабиллина вайна цига. Дийна волу Ӏийса Ша бу и некъ, ткъа и некъ Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долчу кирхьанах чекхболуш бу.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 10:20
20 Referencias Cruzadas  

Къинан сагӀина халкъана тӀера бож юьйр ю цо, тӀаккха цуьнан цӀий а, старгӀин цӀий санна, кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу чоьне а даьхьна, негӀарна тӀе а, ворхӀазза бартбаран тӀорказна хьалха а тухур ду цо.


Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн вешига АхӀароне дӀаала, шена дага мел деанчу хенахь Делан четаран кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу меттиге ма гӀо. Цигахь лаьттачу бартбаран тӀорказан негӀарна хьалха иза веача, АхӀарон вала мега, хӀунда аьлча къинош дӀадахаран негӀарна тӀехула йолчу мархина юккъехь Со гучуволу.


Амма цу стагана тӀехь сакхт хиларна, Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна а, сагӀа доккхучу кхерчана а тӀеван мегар дац иза, Сан четар а, цунна чохь мел ерг а сийсаз ца ярхьама. Уьш язъеш волу Веза Эла Со ма ву“».


ЦӀеххьана Делан цӀийна чохь уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долу кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира. Латта дегадора, тӀулгаш лелхара.


ХӀеттахь Делан цӀийнан чохь, уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира.


Малх лаьцнера. Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долу кирхьа юккъехула декъаделира.


ТӀаккха юха а элира Ӏийсас: «Баккъалла а боху Ас шуьга: Со уьстагӀашна дина долу ков ду.


Со ков ду. Милла а Сох чуваьлларг кӀелхьарвоккхур ву. Иза ладогӀарца чу-ара а вер ву, цунна дежийла а карор ю.


Цунна дуьхьал Ӏийсас элира: «Со бу шуна некъ а, билггал долу бакъдерг а, дахар а. Цхьа а ца воьду Дена тӀе, Соьгахула бен.


Шен дегӀ сагӀина дӀадаларца. Цу тайпана, товрат тӀехь долу тӀедехкинарш а, парзаш а кхочушдар эрна дира Цо, шина халкъах Шеца доьзна долу цхьа керла халкъ кхоллархьама, царна юкъахь барт а беш.


Къийса ца дезаш, динах йовзийтина къайле чӀогӀа йоккха ю: Иза адаман дегӀехь гучуваьккхина, Делан Сино бакъвина, маликашна Иза гина, къаьмнашна юкъахь дӀакхайкхийна, дуьненахь адамаш Цунах тешна, сийлаллехь Иза хьалаваьккхина.


И дегайовхо вайн синна онда а, тешаме а зӀе ю. Делан стигалийн цӀа чохь йолчу кирхьанна тӀехьа дӀайоьду иза.


ШолгӀачу декъехь кирхьанна тӀехьа «уггар еза чоь» цӀе йолу чоь яра.


Цу хӀуманца Делан Сино гойту Делан четар чу боьду некъ схьабиллина цахилар, хьалхара четар лаьтташ мел ду.


ХӀунда аьлча къинош летийна долу шу Далла тӀе дерзорхьама, Дала леррина Къобалвинчо а цкъа бала лайна вайн къинош бахьана долуш, Иштта Делан лаамехь Волчунна Делан лаамехь боцурш бахьана долуш хало гина. Цуьнан дегӀ дийнера, амма Са дахаре юха далийнера.


Делан Са иштта къасталур ду шуьга: Дала леррина къобалвина Ӏийса, адам санна, веана хилар къобалдо са – Делера ду.


ХӀунда аьлча адамаш Ӏехош болу дуккха а нах баьржина дуьнен чохь. Цара Дала леррина къобалвина волу Ӏийса, адам санна, дуьнен чу валар тӀе ца дуьту. Иштта волу хӀора стаг адамаш Ӏехориг а, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг а ву.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios