Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 10:2 - Делан Йозанаш

2 Кхечу тайпана хилча, цара и сагӀанаш дохур дацара, хӀунда аьлча цкъа къинах цӀан а белла, кхин шайн къинош туосалур дацара царна.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 10:2
8 Referencias Cruzadas  

Царна гонах стигаларчу олхазарша а шайн баннаш до, гаьннашна юкъара шайн аьзнаш схьа а хозуьйтуш.


Со-со ву шун къинош дӀадойуш Верг. Ас иза Сайн дуьхьа до. Шун къинош кхин дагадохкуьйтур дац Аса.


Ас хьан зуламаш, дохк санна, дӀадаьхна, Ас хьан къинош, марха санна, дӀадайина. Юхаверза Суна тӀе, хӀунда аьлча Ас мах баларца паргӀатваьккхина хьо».


Хьо юха а хир ву тхоьца къинхетаме. Ахьа тхан харцонаш, хьаьшна, дӀашарйийр ю, Ахь кӀорггачу хӀорда чу кхуьссур ду тхан массо а къинош.


Ткъа Сан халкъ долчу хьох лаьцна аьлча, Айса хьоьца цӀийца чӀагӀбина бинчу бертан дуьхьа кхечу махка йийсаре дӀабигна хьан нах, хи доцучу ор чуьра санна, арабохур бу.


ТӀаккха Цо тӀетуху: «Церан къинош а, харцонаш а кхин дага а йохкуьйтур яц Аса».


Ларам бу стеган, нагахь санна бехк а боцуш таӀзар ловш велахь, Дела вуйла а хууш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios