12 Ткъа Иза, гуттаренна а къинойх цхьа сагӀа а даьккхина, Далла аьтту агӀор охьахиъна,
Везачу Элана бу хастам! А са вазвийр ву Веза Эла сайн доллучу даггара, баккъал догцӀена болчеран гуламна юкъахь.
Иштта цаьрца къамел динчул тӀаьхьа Ӏийса-Эла, стигала хьала а ваьккхина, Далла аьтту агӀор охьахиира.
Хьаьнга ялур ю царна кхел? Цхьаьнгге а! Дала леррина къобалвина Ӏийса вайн метта велла-кх. Цул сов, Дала ден а вина, Цунна юххехь аьтту агӀор а хиъна, вайна тӀера Деле доьхуш ву Иза.
Даггара болчу безамца лелалаш, вай деза а делла, вайн дуьхьа Шен са хаза хьожа йогӀучу сагӀина а, Далла тамехь долчу гӀурбанна а дӀаделла волу Дала леррина Къобалвинарг санна.
Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна шу деллачуьра денделла хиларна, Далла аьтту агӀор Иза охьахиина волчу стигалшкахь долчух шун кхетам бузийла.
КӀант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цӀандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агӀор охьахиина Иза.
Оцу лаамца даздина ду вай, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дегӀ цкъа гуттаренна а сагӀина даларна.
Цкъа даьккхинчу сагӀанца Цо гуттаренна а кхачаме бина базбеш берш.
Нахана юкъара хоржуш волу муьлхха а динан коьрта да хӀоттаво адамийн дуьхьа Далла Ӏамал ян а, къинойх тайп-тайпана сагӀанаш даха а.
Цундела нахана а, шена а тӀера даха деза цо сагӀанаш шаьш летийначу къинойх.
Динан вукху коьртачу дайн санна, хӀора дийнахь цкъа хьалха Шена тӀера, юха нахана тӀера сагӀанаш даха ца деза Цуьнан, хӀунда аьлча Цо гуттаренна а цкъа даьккхина сагӀа, Ша дӀа а велла.
Вай дуьйцуш долчунна юкъахь коьртаниг хӀара ду: стигалшкахь Веза Воккхачун гӀантана аьтту агӀор Ӏаш динан коьрта Да ву вайн.
Гезарийн а, эсийн а цӀий доцуш, Шен цӀий а Ӏанийна, цкъа Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна чу а вахана, гуттаренна а вайна паргӀатдовлар даьккхина Цо.
цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагӀа доцучу сагӀина дӀавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цӀийно мел чӀогӀа цӀандийр ду вай Ӏожалла тӀейоуьйтучу гӀуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Ӏамал яйтархьама.