Ӏебархошка 10:11 - Делан Йозанаш11 Муьлхха а динан да хӀора дийнахь Далла Ӏамал еш ву, цкъа а къинош дӀадахалур доцу цхьатерра сагӀанаш мосуьйттазза а дохуш. Ver Capítulo |
Дукхахболчаьрца цу баьччано цхьана ворхӀ хан-заманна барт чӀагӀбийр бу. Цу ворхӀ заманан эханехь дийнаташ дагош сагӀа даккхар а, кхийолчу хӀуманийн сагӀа даккхар а сацор ду цо. Ткъа Делан цӀийнан уггар лекхачу меттехь вас еш йолу къемате хӀума дӀахӀоттор ю цо, билгалъяьккхина йолу чаккхе шена тӀекхаччалц».
Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, хӀора баттахь дохучу дийнаташ дагоран сагӀанел а, цуьнца цхьаьна дохучу кӀен сагӀанел а, хӀора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран сагӀанел а, цуьнца цхьаьна дохучу кӀен а, чагӀаран а сагӀанел а сов доккхуш ду хӀара сагӀа. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хуьлу».