Со стигалара охьадеана дахаран бепиг ду. И бепиг дуучун цкъа а хедар доцу дахар хир ду. Ткъа Ас лун долу бепиг Сан дегӀ ду, дуьненан адамийн дахарх Ас дӀалур долу».
Иза бахьана долуш ду шу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца хилар! Цуьнгара хилла вайна Делера долу хьекъалалла. Цуьнгахула вай Далла хьалха бакъ а до, Дала вай даз а до, паргӀат а доху.
Цу тайппана бара шух цхьаберш а. Амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан цӀарца а, вайн Делан Синца а шу цӀан а дина, даз а дина, бакъ а дина.
Иза иштта хилча, дуьне кхоьлличхьана а дуьйна дукхазза а бала хьега дезар дара Дала леррина Къобалвинчун. Ткъа Иза тӀаьхьарчу заманахь цкъа веана Шех даьккхинчу сагӀанца адамийн къа дӀадаккха.