Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 1:7 - Делан Йозанаш

7 Маликех лаьцна Цо аьлла: «Дала Ӏаьнарх Шен маликаш до, цӀеран алунех Шен ялхой бо».

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 1:7
10 Referencias Cruzadas  

Иза дӀа а эккхийна, Ӏедан-бешана малхбалехьа агӀор, чу волучохь, Везачу Дала дӀахӀоттийра дахаран диттана Ӏуналлина каруб-маликаш. Оцу диттана тӀе ца гӀортийта, цӀе санна къеггина догуш а, меттахъхьеш а долу тур а хӀоттийра.


ТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Ткъа хӀинца Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа! Суна гира, Веза Эла Шен Ӏаршана тӀе охьахиъна Ӏаш, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агӀор.


Къамел а деш, и шиъ новкъахула вогӀучу хенахь, цӀеххьана схьаеанчу цӀеран гӀудалкхо а, цӀеран говраша а дӀасакъастийра уьш. ТӀаккха йилбазмохана юкъахь Эли-ЯхӀу стигала хьалавахара.


ТӀаккха ЭлишаӀа, доӀа а деш, элира: «Ва Веза Эла! Кхуьнан бӀаьргаш схьаделлахьа, са гайтархьама». Везачу Эло оцу ялхочун бӀаьргаш схьадиллира. ТӀаккха цунна гира ЭлишаӀана гонах лам цӀеран дойх а, гӀудалкхех а буьзна хилар.


Веза Эла а, Цуьнан ницкъ а лаха, гуттар Цунна уллохь хила гӀерта.


Цунна тӀехула лаьттара сирап-маликаш. Церан хӀораннан а ялх тӀам бара: шинца цара юьхь дӀакъовлура, шинца когаш къайлабохура, ткъа шинца тӀема довлура уьш.


И летта йогу цӀе Цуьнан хьалха̄хула, доьду хи санна, арайолура. Багар а балур боцуш, эзарнашкахь дукха бара Цунна хьалхара гӀуллакхаш дийраш. Эзарзза эзарнаш долу адамаш дара Цунна хьалха лаьтташ. ТӀаккха кхел йийраш шайн болх боло охьахевшира, тептарш дӀаделладелира.


Малико соьга жоп делира: «Уьш стигалара арабуьйлу биъ мох бу, дерриге а дуьненан Олахочунна хьалха дӀахӀиттинчул тӀаьхьа араболуш болу».


Далла гӀуллакх деш долу синош дац ткъа маликаш, кӀелхьардовлар кхочун долчарна гӀуллакх дан дахкийтина дац ткъа уьш?


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios