ТӀаьхьарчу деношкахь иштта хир ду: Везачу Элан цӀа лаьтташ болу лам массо а лаьмнийн коьрте дӀахӀоттор бу. Иза массо а баьрзнел лакхабер бу, цунна тӀе дерриг а халкъаш оьхур ду.
Стигалш кхоьллина волу Веза Эла – Иза билггал Дела ву. Латта а кхоьллина, цунна кеп а елла, иза чӀогӀа латтийтира Цо. Эрна дитархьама ца кхоьллина Цо иза, тӀехь адамаш дахийта иза кхоьллина Цо. Оцу Дала боху: «Со Веза Эла ву, кхин цхьа а дела вац, Со воцург.
Цул тӀаьхьа исраилхой юха а боьрзур бу, шайн Веза Дела а, Даудан тӀаьхьенах волу шайн паччахь а лохур ву цара. ТӀаьхьарчу деношкахь Везачу Элана хьалха ларамах а, Цуьнан диканах а буьзна хир бу уьш.
Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Ӏаш а дара. ТӀаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КӀантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара.
Шуна хаьа хир ду Дала Исраилан халкъана бахьийтинчу кхоах лаьцна. Массеран а Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Делаца бинчу бартах лаьцна бу и хаза кхаъ.
Вай Делан бераш хилча, берашна кхочу дерг вайна а кхочур ду. Дала иза вайна лур ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчунна кхаьчнарг вайна а кхочур ду, хӀунда аьлча, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай баланаш хьоьгуш хилча, Цуьнца цхьаьна вай сийлаллехь а хир ду.
вайна иштта ду: Дела цхьаъ бен вац вайн, Иза Да ву вайн, массо а хӀума Цуьнгара хилла а ду, вай Цуьнан дуьхьа дехаш а ду. Иштта Веза Эла а цхьаъ бен вац вайн. Иза Дала леррина къобалвина Ӏийса ву, Цуьнгахула массо хӀума хилла а ду, вай Цуьнгахула дехаш а ду.
ХӀунда аьлча суна хаьа, со дӀакхелхича шу баккъалла а телхина хир ду, ас весет динчу некъа тӀера шу дӀадевр ду. Хан яьлча, шуна тӀе халонаш хӀуьттур ю. Иза хир ду шайн Везачу Далла хьалха аша зуламаш дийр долу дела, шайн куьйгаша дечуьнца Иза дар а волуьйтуш».
Иза иштта хилча, дуьне кхоьлличхьана а дуьйна дукхазза а бала хьега дезар дара Дала леррина Къобалвинчун. Ткъа Иза тӀаьхьарчу заманахь цкъа веана Шех даьккхинчу сагӀанца адамийн къа дӀадаккха.