Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 1:12 - Делан Йозанаш

12 ТӀеюху хӀума санна, Ахьа дӀахьарчор ду уьш, тӀаккха уьш, бедар санна, хуьйцур ду. Амма Хьо цкъа а хийцалур вац, Хьан дахар чекх а дер дац».

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 1:12
8 Referencias Cruzadas  

Ма сийлахь ву Дела – Цунах вай кхетар дац. Цуьнан шерийн терахь вайга таллалур дац.


Шен тӀемашца дӀахьулвина, Цо Ӏалашвийр ву хьо. Цуьнан тешаме хилар ду хьан турс а, дуьхьало а.


Дала Мусага элира: «Со „Со Верг“ ву. Иштта дӀаала исраилхошка: „Ша Волуш Волчо ваийтина со шуна тӀе“».


Сан дахар сох дӀадоккхуш ду, дӀадоккхуш долу жаӀуйн четар санна. КӀадидархочо санна, сан оьмар карчийна ас. КӀади дечу чарха тӀера дӀахададо кӀади санна, Везачу Эло сан дахар чекхдоккху цӀеххьана, Ӏуьйренна тӀера суьйре тӀекхачале.


ТӀаккха Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху Ас шуьга: ИбрахӀим хилале дуьйна, Со волуш Верг ву Со».


Дала леррина къобалвина Ӏийса селхана а, тахана а, массо а хенахь а Ша Верг ву.


Муьлхха а дика а, кхачаме а совгӀат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догӀу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios