10 Кхин а аьлла Дала: «Веза Эла, Ахь юьхьанца латта кхоьллина, Хьайн куьйгашца стигалш йина.
Юьхьанца Дала кхоьллира стигалшший, латтий.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
Ша омра динччул бен хьала а ца бузуш, Цо хӀордана шен йистош лучу хенахь а, лаьттан бух дӀахӀоттийначу хенахь а, со цигахь дара.
Канашкахь хи хьан дуьстина, я, ше а лоцуш, стигал хьан юьстина? Лаьттан чан тускар чу хьан ерзийна, я лаьмнаш а, гунаш а терзан тӀехь хьан оьзна?
Иштта боху, стигал а кхоьллина, иза дӀасаяржийначу а, латта а, цунна тӀехь долу массо хӀума а дӀасадаржийначу а, цунна тӀехула лелачу адамашна садеӀар а, дахар а лучу а Везачу Дала:
Сан куьйгаша кхоьллина латта, Сан аьтту куьйго дӀасаяржийна стигалш. Ас латта а, стигал а тӀекхайкхича, уьш Суна хьалха хӀуьттур ду.
Хьуна хӀунда вицло хьо кхоьллина волу а, стигалш дӀасаяржийна волу а, лаьттан баххаш дӀахӀиттийна волу а Веза Эла? Хьо хӀаллакван кийча волуш волчу, хьуна гӀело ечун дералла бахьана долуш, дерриг а дийнахь хьо хӀунда кхоьруш лаьтта? Мичахь ю хьуна гӀело ечун дералла?
Хьалахьовсал стигала, охьахьовсал лаьтта! Стигалш дӀаевр ю, кӀур санна. Латта тишлур ду, бедар санна, цуьнан бахархой а лийр бу, мозий санна. Амма Сан кӀелхьардаккхар гуттар а хир ду. Сан нийсо цкъа а дӀаер яц.
Амма, Веза Эла, Хьо тхан Да ву. Тхо поппар бу, ткъа Хьо куьпчи ву – тхо массо а Ахь кхоьллина ду.
«Сан Хьалдолу Эла, Ахьа Хьайн боккхачу ницкъаца а, тӀекховдийначу куьйгаца стигалш а, латта а кхоьллина, Хьоьга далур доцуш цхьа а хӀума а дац.
Исраилан халкъах болу хӀара хаам Везачу Элера бу. Стигал дӀасаяржийна волчу, латта чӀагӀдина волчу, адамна чу са кхоьллина волчу Везачу Эло боху:
Иза делаш, стигала шаьш хьалахьаьжча, малххий, буттий, седарчий – и дерриге а стигалан ницкъаш бу – шайна гича, Ӏеха а делла, царна Ӏибадат ца дархьама а, царна гӀуллакх деш ца лелархьама а, хӀунда аьлча шун Везачу Дала стигал кӀел мел долчу халкъашна делла и дерриге а.
«Кхин цкъа а» бохучу дешнаша гойту дегалуш дерг (и ду кхоьллинарг) дӀадаккхар, ца дегалуш дерг дисийтархьама.
«Лаудика-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху Ша Амин волчу, Дала кхоьллина долчун Хьоста Ша волчу, тешам а болуш, билггал бакъволчу Тешо: