Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Эпасхошка 4:3 - Делан Йозанаш

3 Делан Сино луш йолу цхьаалла ларъян хьовсалаш, вовшашца уьйр хуьлуьйту барт а болуш.

Ver Capítulo Copiar




Эпасхошка 4:3
16 Referencias Cruzadas  

Исраилан халкъ шина декъе декъаделира. Халкъан цхьа дакъа Гинатин кӀантана Тибанина тӀаьхьахӀоьттира, иза паччахь хӀотто дагахь, ткъа вуьш Ӏумарина тӀаьхьахӀиттира.


Цунна юккъехь корта чекхбаккха Ӏуьрг хила деза. ЭтӀа ца этӀийта цу Ӏуьрган йистош, кӀади а лоцуш, дӀатега еза.


МостагӀчо цхьанна дуьхьал толам баккхахь а, шиннал тоьлур вац иза. Ткъа кхаа тайнах хьарчийна йолу тӀийраг атта хедар яц.


Цхьана пачхьалкхехь вовшашлахь тӀом хилча, и пачхьалкх хӀаллакьхир ю.


ХӀинца керла гӀуллакх тӀедуьллу Ас шуна: вовшийн дезаш хила. Суна шу ма-деззара, иштта шуна а дезийла вовшийн.


Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа ас чӀогӀа доьху шуьга, динан вежарий, аша массара а цхьаъ дийцар, шайна юкъахь декъадаларш ца хилийтархьама. Шайн хьекъалшкахь а, ойланашкахь а кхоччуш цхьаъ хуьлда шу.


Чекхволуш, динан вежарий, маршалла ло ас шуьга! Кхоччуш хила гӀерталаш, сан кхайкхамашка ладогӀалаш, шайн ойланашца цхьаалла йолуш хилалаш, машарца Ӏелаш. ТӀаккха безаман а, машаран а волу Дела шуьца хир ву.


Тешарехь а, Делан КӀант вовзарехь а вай массо а цхьаалла йолуш хиллалц дина дара иза, Дала леррина Къобалвинчун кхачамечу дарже хьаьжжина, вай дуьззина хиллалц.


Массо а тешачийн цхьа дегӀ а, цхьа Делан Са а ду, цхьана сатийсаме шу тӀекхайкхина ма-хиллара.


Церан болх бахьана долуш уьш тӀехдика а, безамца а ларар доьху шуьга. Вовшашца бертахь Ӏелаш.


Массо а адамца машаре хила, ткъа Далла гергахь цӀена хила хьовса. ЦӀеналла ца хилча, цхьанна а Веза Эла гур вац.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios