Динан вежарий! Суна ца лаьа, хӀара Делан къайле ца евзаш шу дита, шайх дозалла а деш, шу ца Ӏайтархьама. Цхьаболчу исраилхойн дегнаш хӀуъа а бен ца хеташ хилар цхьана ханна а бен дац. Иштта хир ду, кхечу къаьмнех долу адамаш буьззина болчу барамехь Далла тӀедерззалц.
Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах лаьцна Ас кхайкхош болчу хазачу кхоэхула Дела ницкъ болуш ву шайн тешар тӀехь шу чӀагӀдан. БӀешерашкахь дуьйна дӀакъевлина долчу бакъдолчуьнца цхьаьнабогӀуш бу и хаза кхаъ.
КхидӀа дозалла дан деза сан, цунах бала цхьа а тайпана пайда бацахь а. Везачу Эло сайна хьалха хӀиттийначу суьртех а, дӀадиллинчу хӀуманех а лаьцна дуьйцур ду аса.
ХӀунда аьлча аса и хаза кхаъ адамашкара тӀеэцна а бацара, амма Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас и кхаъ суна бовзийтина хилар бахьана долуш, ас и кхаъ тӀеийцира.
Ткъа и къайле иштта ю: хаза кхаъ бахьана долуш, жуьгташца цхьаьна кхечу къаьмнех долчу адамашна а кхочур ду Дала лун дерг, уьш а бу цхьаъ долчу дегӀан декъехь, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Дала йинчу чӀагӀонийн декъахой а бу уьш.