Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Эпасхошка 2:3 - Делан Йозанаш

3 Цхьана хенахь вай массо а Ӏийра оцу нахана юкъахь, вешан хьайна болчу лаамех а дуьзна. Вешан догӀмийн а, ойланийн а хьарам болу лаамаш кхочушбора вай. Кхиболу нах санна, вайн амалшка хьаьжжина, Делан оьгӀазло тӀеян дезаш дерш дара вай.

Ver Capítulo Copiar




Эпасхошка 2:3
54 Referencias Cruzadas  

Адаман цхьа бӀе ткъе итт шо кхаьчнера, цуьнан кхин а цхьа кӀант хилча. Иза веккъа цуьнан аматехь а, вастехь а вара. Шен кӀантана ШатӀа аьлла цӀе тиллира Адама.


ТӀаккха лаьттара адамаш чӀогӀа галдевлла хилар а, церан ойланаш а, дегнаш а, массо а ханна а зуламах дуьзна хилар а гира Везачу Элана.


И тамехь йолу хаза хьожа дӀакхечира Далла. ТӀаккха Шен дагахь Везачу Эло элира: «Адамаш жимчохь дуьйна зуламах дуьзна делахь а, кхин цкъа а неӀалт кхайкхор дац Аса лаьттана адам бахьанехь. Кхин цкъа а хӀаллакйийр яц Ас лаьттара са мел долу хӀума.


Боьхачунах цӀенаниг схьавер вуй? Вер вац.


Муха хир ду адам Далла хьалха бакъ? Муха хир ву зудчо вина волу стаг цӀена?


Хьуна вониг дикачул алсам деза, бакъдолчул а харцдерг алсам дийца лаьа хьуна.


Вай массо а тиладелла уьстагӀий санна дара, хӀора а шен-шен новкъа тӀевирзина вара. Амма Везачу Эло дахкийтина Цунна тӀе вайн массеран а къинош а, бехк а.


амма дахаран гӀайгӀанаша а, хьолах Ӏехабаларо а, кхечу лаамаша а и хезна дош дицдолуьйту, цара шайн дахарехь стом а ца ло.


Уьш я цӀийх а, я дегӀан лаамца а, я стеган лаамца а хилла боцуш, Делах хилла бу.


Шун да иблис ду, ткъа шуна а лаьа шайн ден лаамаш кхочушбан. Иблис юьххьехь дуьйна а адам доьриг ду, иза бакъдолчунна тӀехь ца Ӏийра, шеца бакъдерг доцу дела. Цо харцдерг дуьйцучу хенахь шениг дуьйцу, хӀунда аьлча иза харцдерг дуьйцург а ву, харцдолчун да а ву.


Хьалха Цо пурба лора нахана шайн некъашца лела,


Цундела и адамаш шайн дегнийн хьарамчу лаамийн карахь дитира Дала, ткъа цара вовшашца сийсаза а лелаш, къиношца шайн догӀмаш бехдира.


Уьш Далла муьтӀахь ца хиларна, мацах Далла муьтӀахь хилла доцучу шух Цо къинхетам бина.


Иштта долу гӀуллакхаш лелочул, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тарлуш даха вай, вайн синан лаамаш муха кхочушбийр бара те бохуш, ойланаш а ца еш.


Ткъа товрат-хьехамаш боцуш болчу кхечу къаьмнех болчара шайн лаамашца товрат-хьехамо тӀедиллинарг кхочушдича, цара шаьш гойту, магийнарг а, цамагийнарг а хӀун ду шайна хаар, товрат-хьехамаш шайн боццушехь а.


Вай Шен мостагӀий долчу хенахь Дела вайца тайра Шен КӀентан валарца. Дала Шеца тайтина долу вай, хӀинца муххале а Цуьнан КӀантехула кӀелхьардевр ду, КӀант дийна волу дела.


Ӏийсан цӀийца вай бакъдина хилча, Цуьнгахула муххале а кӀелхьардевр ду вай Делан оьгӀазлонах.


Лийр долчу шайн догӀмашна тӀехь кхидӀа къине олалла ма дайта. Къинан Ӏалашо ю сийсаза лаамаш шуьга кхочушбайтар.


Суна хууш ма ду, суна чохь, баккъалла аьлча, сан адаман са чохь, цхьа а диканиг доллуш цахилар. ХӀунда аьлча дика хӀума дан лаам сан боллушехь, иза кхочуш ца бало соьга.


Дела иштта бакъо йолуш вара. Шен оьгӀазло ян а, Шен ницкъ гайта а лиира Далла, амма Шен оьгӀазлонах хӀаллакьхила кийча долчу адамашна Шен доккха собар хилар гайтира Цо.


Хьан боху хьо кхечарал гӀоле ву? Хьан хӀун ду, хьайна делларг доцург? Ткъа хьайна и дерриг а делла хилча, хӀунда йо ахьа кураллаш, иза хьайна делла долу совгӀат доцуш санна?


Сан хьоме доттагӀий! Дала вайна и ерриге а чӀагӀонаш йина дела, вешан догӀмаш а, синош а бехдеш мел долчух цӀанде вай. Деле болчу ларамах дуьзна а долуш, чекхдовллалц ваьш Цунна дӀало вай.


Амма Делан Йозанаша боху массо адамаш къинойн олаллехь ду. Делан Йозанийн Ӏалашо яра Дала чӀагӀо еш лур ду аьлларг Ӏийсах тешачарна дала, церан тешар бахьана долуш.


Цхьана хенахь, и къинош тӀехь а долуш, кху дуьненан вочу некъашна тӀедевлла а, хӀаваан ницкъийн элана тӀаьхьахӀиттина а лелаш ма дара шу. Цу эло хӀинца а муьтӀахь боцучу нехан дегнаш чохь болх бо.


Иштта, хьалхалерчу ширачу адаман лелар дита. Стаг Ӏехош болчу лаамаша талхош ду и шира адам.


Аша дечу вочу гӀуллакхаша гойтура, цхьана хенахь шу а Далла херадевлла хилар. Шайн кхетамехь Делан мостагӀий дара шу.


Динан вежарий, кхин болу дог диллинарш санна, шу гӀайгӀанехь ца хилийтархьама, беллачарех хуьлург шуна ца довзуьйтуш Ӏа ца лаьа суна.


Цундела вай дийшина Ӏан ца деза, боданехь болу кхиберш санна, амма сема а, кхетамехь а хила деза.


Шайн хьал совдаккха луурш зуьйш ма бу. Дукха сонтачу а, зуламечу а лаамийн речӀано лоцу уьш. Оцу хӀуманаша уьш дакъаза а боху, хӀаллак а бо.


ХӀунда аьлча вай а ма дара цхьана хенахь сонта а, Далла муьтӀахь доцуш а, тиладелла а лелаш. Тайп-тайпанчу боьхачу лаамийн а, дегӀана там лехаран а леш а хилла, оьгӀазаллах а, дераллах а, хьогӀах а дуьзна, вовшийн а ца дезаш, дехаш дара вай.


Ийманехь долу Делан бераш санна хила, хьалха шаьш боданехь долчу хенахь хиллачу хьарамчу лаамашка шайн дахар ма талхадайта.


Хьайна хиларх а, къинойх а дуьзна ду церан бӀаьргаш. Сина кӀезиг нах талхабо цара. Церан дегнаш Ӏемина ду саьхьара гӀуллакхаш лело. НеӀалт хилла нах бу уьш.


Даздина, даьсса хабарш а дуьйцуш, тилабеллачу нахах хӀинцца дӀакъаьсташ берш дегӀана там лохучу а, телхина долчу а хӀуманашка марзбо цара.


ХӀара ду дуьнен чохь мел долу хӀума: къилахь болу лаамаш хилар, адамийн цхьана хӀуманна бӀаьрган хьагам хилар, адамаша шайн долчух а, шаьш динчух а куралла яр. Ткъа стигалахь волчу Дегара дац уьш – кху дуьненара ма ду и дерриге а.


ХӀетте а аса яздийриг керла парз хета мега. Дала леррина Къобалвинчо а, аша а гойту иза бакъ хилар, хӀунда аьлча бода дӀаболу, ткъа билггал йолу серло хӀинцале а къегаш ю.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios