8 И дика тӀех дукха делла вайна Дала мел хуьлучу хьекъалаллица а, кхетамца а.
ЧӀогӀа дебийра Везачу Эло Шен къам, церан мостагӀел а ницкъ болуш бира Цо уьш.
Соьгахь, хьекъалаллехь, хьекъал ду шуна, ткъа хаар а, къастор а карадо суна.
Везачу Эло боху: «Хьовсал, Сан Ялхо Ша дечунна тӀехь кхиам болуш хир ву. Иза чӀогӀа лакхаваьккхина а, айвина а хир ву.
Цул тӀаьхьа Адамийн КӀант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Цунах лаьцна а дуьйцу: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагӀа ву!“ Амма Делера долу хьекъал бакъдо цунах даьллачу гӀуллакхаша».
ЭхӀ, ма барам боцуш хьал долуш ду-кх Делан хьекъалалла а, кхетам а! Вайн хьекъал ца кхочу Цуьнан сацамех кхета, вай тӀаьхьа ца кхиало Цуьнан некъашна!
Делан дика зуламах тера дац. Нагахь санна, цхьана адамо дина зулам бахьана долуш, дуккха а адамаш хӀаллакьхуьлуш хилча, тӀаккха муххале а Делан шорта долу дика, Цо цхьана адамехула – Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула – маьхза луш долу совгӀат дуккха а адамна кхочур ду!
Ткъа оха дуьйцуш долу хьекъалалла – Делан къайлаха долу хьекъалалла ду. Иза Дала хӀара дуьне кхоллале дуьйна а вайн сийлаллина хьажийна хилла.
Ша леррина Къобалвинчуьнгахула Дала вай Шен долахь хилийта хаьржира. Массо а хӀума Шен лаамца а, сацамца а кхочушдеш Волчо, Шен Ӏалашоне хьаьжжина, билгалдаьккхинера иза иштта.
Ӏийсас, Шен цӀий Ӏанорца мах а белла, вай паргӀат а даьхна, вайн къиношна геч а дина. Ткъа иза Дала вайна шортта деллачу дикане хьаьжжина ду.
Шен къайлаха йолу Ӏалашо йовзийтира вайна Дала, ткъа и Ӏалашо хьалххе дуьйна билгалъяьккхина а ю, Цо леррина Къобалвинчуьнца йоьзна а ю.
И динера, динан ерриге а тобанехула стигаларчу хьаькамашна а, куьйгалхошна а массо а тайпанара долу Делан хьекъалалла хӀинца дӀадовзийтархьама.
Цунна чохь къайлаяьккхина ю кӀоргге долчу хьекъалан а, кхетаман а мел йолу хазна.
Цхьаъ бен воцучу а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вай кӀелхьардохучу а Далла сий а, паччахьалла а, ницкъ а, олалла а хуьлийла, азалера дуьйна а, хӀинца а, абаденналц а. Амин.
Цара, аз чӀагӀ а деш, олура: «Бийна болу Ӏахар хьакъ долуш бу нуьцкъалалла а, хьал а, хьекъалалла а, чӀагӀо а, ларам а, сийлалла а, хастам а дӀаэца».