Эпасхошка 1:3 - Делан Йозанаш3 Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Дела а, Да а. Цо Ӏийсаца декъалдина вай стигалшкахь массо а тайпана синан декъалдаршца. Ver Capítulo |
Юха а левихойх болу ЮшаӀ а, Кхадмиал а, Бани а, Хьашбин-ЯхӀу а, Шараб-ЯхӀу а, ХӀуди-ЯхӀу а, Шабни-ЯхӀу а, Патахь-ЯхӀу а къамелаш дан буьйлабелира. Цара бохура: «Хьала а гӀовттий, шайн Везачу Далла хастамаш бан дуьйлало. Азалера дуьйна абадене кхаччалц хастамаш бе Цунна. Хьан сийлахь цӀе адамаша хестайойла, иза массо а хастамел а, декъалаллел а лекха хуьлийла!
Хастам бу Далла, леррина къобалвинчу вайн Везачу Элан Ӏийсан Дена, Шен доккхачу диканца вайна керла дахар делла волчу, веллачуьра Ша леррина къобалвина Ӏийса ден а вина, цу бахьаненна хӀаллак а хир йоцучу, сакхто я замано талхор а йоцучу тӀаьхьене бакъболу сатийсам вайна белла волу. И тӀаьхье стигалшкахь ларъеш ю,