Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Эпасхошка 1:1 - Делан Йозанаш

1 Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу ПахӀала яздо, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана тешаме а болуш, Эпасехь бехачу Делан нахе.

Ver Capítulo Copiar




Эпасхошка 1:1
27 Referencias Cruzadas  

Ткъа Сайн ялхо волчу Мусаца иза иштта ца хуьлу. Сан дерриге а халкъана тӀехь ша дечу куьйгаллехь иза тешаме ву.


КӀезигчу хӀуманна тӀехь тешаме верг доккхачунна тӀехь а тешаме ву, ткъа кӀезигчунна тӀехь тешаме воцург доккхачунна тӀехь а вац.


Цо а, цуьнан цӀерачара а шаьш хих чекхбахийтира. Лидияс тхоьга чукхайкхира: «Со Элах тешаш шаьш лоруш елахь, сан хӀусаме а дуьйлий, хьошалгӀахь Ӏе», – аьлла. Тхо и йолчу дахара.


Уьш Эпас-гӀала кхечира. ПхьаьрскӀилата а, Ӏакхила а цигахь сецира. ПахӀал ша жуьгтийн гуламан цӀийне вахара, жуьгташца къамел дархьама.


Ткъа, дӀавоьдуш, цо элира: «Далла лаахь, со юхавогӀур ву шу долчу». Цул тӀаьхьа иза хӀордкеманца Эпас-гӀалара дӀавахара.


Хьанаса элира: «Веза Эла, суна дукха нахера хезна оцу стагах а, цо Хьан безачу нахана Ярушалаймехь динчу вонах а лаьцна.


Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лай волчу, Цуьнан векал хила Дала тӀекхайкхина волчу, адамашна хаза кхаъ дӀакхайкхабайтархьама Дала къастийна волчу аса, ПахӀала, яздо хӀара кехат.


Рим-гӀалахь бехаш болчу Далла безначаьрга, Цуьнан долахь хила къастийначаьрга массаьрга а яздо аса: Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу доккха дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.


Делахь, хӀинца Дала леррина Къобалвинчуьнца бехачарна цхьана а тайпана кхел йийр яц,


Оха тхешан куьйгашца къахьоьгу. Тхох лаьцна наха вониг дийцича, оха декъалбо уьш. Тхаьш лелхийча, иза а лов оха.


И дерриге а бахьанехь ваийтинера аса шу долчу Тимапи. Везачу Элах долчу тешаре хьаьжжина, сан хьоме а, тешаме а кӀант ву иза. Цо дагадоуьйтур ду шуна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца долу со лела некъаш муха ду а, аса цу некъах лаьцна массанхьа а, хӀорра динан тобанехь а муха хьоьху а.


Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу ПахӀала а, вайн динан вашас Тимапис а, Делан долахь йолчу, Ӏийсах тешачеран Коринтерачу тобане а, берриге Ахай-махкахула Ӏаш болчу массо а Делан долахь болчаьрга а яздо хӀара кехат.


ХӀара кехат яздо шуьга аса, векал волчу ПахӀала. Цхьанна а тобано я цхьанна а адамехула къобалвина вац со. Векал а вина, со дӀахьажийнарш бу Дала къобалвина волу Ӏийса а, Иза веллачуьра денвина волу вайн Да волу Дела а.


Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарца шу массо а Делан кӀентий ду.


Бац шуна юкъахь я жуьгтий а, я кхечу къомах долу адамаш а, я лай а вац, я паргӀатниг а вац, я божарий а, я зударий а дац шу – шу массо а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна цхьаъ ду.


Цундела тешаш берш Делах тешаш хиллачу ИбрахӀимца а декъала хуьлу.


И дерриге а бахьана долуш, Веза Эла волчу Ӏийсах шун долчу тешарх а, Делан долахь болчу массаьрга а шун болчу безамах а лаьцна сайна хезначхьана,


Вай Дала кхоьллина тайпа ду. Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца вай доьзна хиларна, Дала вай кхоьллина, хьалххе дуьйна Ша вайна кечдина долу дика гӀуллакхаш вайга кхочушдайтархьама.


Шаьш Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна хилар бахьана долуш, цхьана хенахь генара хилла долу шу хӀинца Цуьнан цӀийца гергара хилла.


Вай Цуьнца, ден а дина, стигалшкахь охьаховшийна Дала, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца вай доьзна хиларехула.


Ткъа сох лаьцна а, сан гӀуллакхех лаьцна а – шадерг а вайн хьомечу вашас, Везачу Элана леринчу къахьегарехь тешамечу гӀуллакхдархочо ТихӀака дӀадуьйцур ду шуна.


Ковлуси-гӀалахь бехачу Дала базбинчу а, Далла тешамечу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна а болчу динан вежаршка. Вайн Да волчу Делера долу дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.


Цара Ӏахарца тӀом бийр бу. Ткъа Ӏахаро царна тӀехь толам боккхур бу, хӀунда аьлча Иза ву олахойн Олахо а, паччахьийн Паччахь а. Ткъа Цуьнца берш бу Цо кхайкхинарш а, къастийнарш а, тешаме берш а».


Шаьш лан дезар долчу цхьана а хӀуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТӀаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дӀадовллалц тешаш хилалаш, тӀаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду.


„Девза Суна иблисан олаллин гӀантана гонах шу дехаш хилар. Аша Сан цӀе ларамехь а лелийна, Сох долу шун тешар дӀа а ца даьлла, ур-атталла иблис дехаш долчу шун гӀалахь Сан тешаме теш волу Антапи вийначу хенахь а.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios