9 Цу цӀазана тӀехь, аьчка долуш санна, гӀаьгӀнаш дара. Церан тӀемийн гӀовгӀа вуно дукха йолчу, тӀаме чехка хахкаелла йоьдучу говрех йоьжначу гӀудалкхийн чкъургийн даьллачу доккхачу татанах тера яра.
Шена коьман маӀан аз хезча, говр терса, геннара хаало цунна тӀом болу меттиг а, тӀемалойн хьаькамийн аз а, тӀеман цӀогӀа а.
Хи къиза лелачу хенахь, иза цунах ца къехка. Йордан-хи шен бета тӀе деача а, иза синтемехь ю.
ТӀом бинчу тӀемалойн ерриг а мачаш яго цӀерга тосур ю. ТӀамехь цӀийх юьзна ерриг а бедарш цӀеро дӀакхоллур ю.
Царна ницкъ болчу говрийн когийн татанаш хезар ду, гӀудалкхаша еш йолу гӀовгӀа а хезар ю. Цу гӀовгӀана юкъахь дай шайн берашка дӀахьажа а, царна гӀо дан а кхуьур бац, хӀунда аьлча гӀора дӀадаьлла болчу цара шайн куьйгаш охьадохуьйтур ду.
Иштта сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь суна дой гира, тӀехь дошлой а болуш. Царна тӀехь дара цӀарула-цӀечу а, лилула-сийначу а, можачу саьмгалан а басахь долу гӀаьгӀнаш. Дойн кортош лоьмийн коьртех тера дара. Церан багара схьаюьйлура цӀе а, кӀур а, саьмгал а.