8 Цу цӀазан месаш а зударийн месех тера яра. Ткъа церан цергаш лоьмийн цергаш санна яра.
ЯхӀу ИзраӀал-гӀала кхечира. Ткъа Изабал, шена и хаам беанчу хенахь, бӀаьргашна тӀе басарш а хьекхна, шен месаш то а йина, корехула арахьоьжуш лаьтташ яра.
Дуьнен чу бовллушехь, нийсачу некъана тӀера дӀабевлла Ӏесанаш. Харцдерг а дуьйцуш, ненан кийрара схьабовллушехь, тилабелла уьш.
Хьан божарий туьро эгор бу, тӀамехь турпалхой лийр бу.
Сан лаьтта тӀе нуьцкъала а, барам боцуш дукха а цӀазан эскар деана. Цуьнан цергаш лоьман цергаш санна ю, ткъа цуьнан мочхалш – стечу лоьман санна ю.
ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро хир ду ма-аллара: «Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло вайн тӀаьхьенах цхьаберш дийна битина бацахьара, вай Седам-гӀалин бахархой санна а хир дара, Ӏамор-гӀалин бахархойх дӀа а тарлур дара».
Иштта зударий а доӀа дечу хенахь хила беза оьзда духар дуьйхина а, эхь хеташ а, оьзда а. Уьш месаш хаза кечъярца, деших я жовхӀарех йина хӀуманашца, я беза мах болу духаршца хазбала ца беза.
Гуш долчу хӀуманашца хаздала ма гӀерта: месаш Ӏалашъярца, дашо хӀуманашца, хазачу духаршца.