Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 9:7 - Делан Йозанаш

7 ТӀехьаьжча, и цӀоз тӀамана кечдинчу дойх тера дара. Церан кортош тӀехь дашо таьжнаш санна йолу хӀуманаш яра. Ткъа церан яххьаш адамийн яххьех тера яра.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 9:7
6 Referencias Cruzadas  

Хьалхарниг лом санна дара, амма аьрзунан санна тӀемаш дара цуьнан. Со хьийжира цуьнга, цуьнан тӀемаш схьа а даьхна, иза лаьттара хьалаайалц. И экха, адам санна, ирахӀоттийра. Цул тӀаьхьа цунна адаман кхетам белира.


Со цу маӀашка хьоьжуш вара. Цу хенахь оцу маӀашна юккъехула кхин а цхьа жимо маӀа хьалаелира, ткъа хьалхалера кхо маӀа цунна хьалхахь орамашца бухъехира. Цу маӀана тӀехь бӀаьргаш дара, адамийн санна а долуш, кура къамел деш бага а яра».


Хьан куьйгалхой доккха цӀоз санна бу. Хьан баьччанаш, шелъелча, пенийн хераллашкахь бенаш деш долчу цӀазан жӀуга санна бу. Амма малх кхетча, уьш, тӀема а йовлий, дӀасайоьлху, тӀаккха цхьанна а ца хаьа уьш стенга яхана.


Со дӀахьаьжча, суна кӀайн дин гира. Цу тӀехь, карахь Ӏад а долуш, бере вара. Цуьнга толаман таж делира. ТӀаккха и толам боккхуш верг толам баккха вахара.


ТӀаккха лаьтта тӀе цу кӀуьра юкъара цӀоз схьаделира. Лаьттара сту лоцучу гезгийн доллу олалла делира цу цӀазана.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios