Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 9:6 - Делан Йозанаш

6 Цу деношкахь адамаша шайна Ӏожалла лоьхур ю, амма царна и карор яц. Царна делла дӀадовла луур ду, амма Ӏожалла царах йодур ю.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 9:6
9 Referencias Cruzadas  

ТӀаккха цо соьга элира: „ТӀе а волий, со, вей, дӀаваккха! Со валлал чӀогӀа Ӏазапехь ву, суна чохь са делахь а“.


Тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дӀалечкъар бу нах, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхерабелла, Иза латта дего веача.


Аса уьш мичча а дӀалаьхкинчу меттигашкахь оцу вочу халкъах массо а дийна дисначарна дахарал Ӏожалла дика хетар ю», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.


ХӀаллакйина хир ю Авайнан сагӀа доккху лакхенаш – Исраилан халкъан къинош. СагӀа доккхучу церан меттигаш тӀе кӀохцалш а, яраш а евр ю. ТӀаккха халкъо эр ду лаьмнашка: «ДӀахьулдейша тхо!» Баьрзнашка а доьхур ду: «ТӀеэгийша тхуна!» – бохуш.


ТӀаккха наха бохур ду лаьмнашка: „Тхуна тӀе эгийша!“ гунашка: „Тхо дӀахьулдейша!“


Цара лаьмнашка а, тархашка а бохура: «Тхуна тӀе а эгий, дӀахьулдейша тхо Ӏарша тӀехь хиъна Волчунна гарх а, Ӏахаран таӀзарх а.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios